Ткъолгӏачу дивизин командиро инарла-майоро Александр Карлович Виберга, ша Ведана ма-кхеччинехь, сихонца тӏебийхира отрядийн начальникаш: Лохвицкий а, Накашидзе а.
Командираш схьакхачале гӏопан гарнизон теллира цо. Хулхулон берда йисттехь нийсачу экъан тӏехь йиначу паччахьан эскаран гӏопо тергамна кӏел латтайора Веданна гонахара дуккха а йарташ. ГІопана цаьргахьара кхерам ца хилийта, гобаьккхина шиъ-кхоъ чаккхарма хьун а хьаькхна, меттиг цӏанйинера. Салтий казармашкахь бехара. Тӏехулара куц а, бӏаьхаллин дог-ойла а вон йацара салтийн. Кхачанна арз а ца дора. Иза вон хуьлийла а дацара. Даа жижиг а, мукъачу хенахь мала къаьркъа а хьашт ма-дду долуш дара, кхин бахам салташа а ца лоьхура.
ЦІена а, дегӏана там беш а дара кхузара хӏаваъ. Хӏокху лам чу кхаьччахьана, цӏен бос кхетта, хийцайеллера инарлин мокха йуьхь. ГІеххьачул лозуш, цуьнан сагатдеш хуьлу дог а шен барамехь болх бан доьллера.
– Беркат-йаӏ, хьо мохк! – элира цо уллохь лаьттачу эле Аваловга, доккха са а даьккхина. – Мел хаза, исбаьхьа Іалам ду кхузахь! Стенна оьшу хӏара хьал туземцашна? Мел хаза курорташ хир йара кхузахь!
– Хӏаъа, хьан локхалла, исбаьхьа Іалам ду кхузахь, – тӏетайра Авалов. – Цкъа хӏорш къарбелча, и ахь бохург а хир ду.
…Шолгӏачу дийнахь шен коьртехь инарла Виберг а волуш Басса тӏе новкъаделира Веданара эскар.
Новкъахь гӏовттамхойн жимачу отрядан кӏелонна тӏе нисйелча, кӏеззиг дараш бен ца хуьлуш, хьалхайахана отряд дуьхьало йоцуш Элистанжа дӏа а лаьцна, цигахь буьйса йоккхуш сецира. Хьалха йахийтинчу разведко а, айкхаша а хаамаш беара, Басса тӏехь тийна ду аьлла.
Оцу хаамаша мелла а сатединчу отрядах, ӏуьйранна иза Тевзана йоьдуш йуккъе йаьлча, ӏаьржа-Ахкана дехьа лекхачу берда тӏера хьуьн чохь чӏагӏбеллачу гӏовттамхоша бертахь йеттачу тоьпаша ков эккхийтира.
Даим санна, цӏеххьана тохар а дина, къайлабевлира гӏовттамхой. Отрядо вал дӏалаьцча, цигахь цхьа а стаг вацара. Амма бӏаьхаллин низамехь йаьржина отряд, гулйелла, беха могӏа а бина, хьалха дӏайолайелча, цхьа чаккхарма гена а йалале, йуха а тӏелета буьйлира гӏовттамхой. Вибергна ца хаьара хӏун дан деза. Мостагӏ гуш вацара, амма иза воцуш