хӏетта набарх даьлла ши бер а.
Дукха хан йалале хӏусамден а, Болатан а герз марахь арабевлира салтий. Цаьрца чуваханчу милцочун карахь хьарчийна жима тиша куз бара.
– Ва-а-й, дела эца шу Дала дӏа! – тӏехьаьдда, кузах катуьйхира хӏусамнанас.
Зудчо схьаийзош, милцочо дӏаийзош, цхьана минотехь луьра къийсам лаьттира. Эххар а, чу-кӏел мийра тоьхна, зуда аркъалъйахийтира милцочо.
ТІехьа хьажавеллачу хӏусамдена гира, цІонгел лахе шиний куьйга чӏогӏа таӏа а йина, коьжалг хилла хьаьвзина Іуьллу шен зуда. Ши салти дӏасахьовза а кхиале, цӏеххьана йухахьаьдда ваханчу цо, гай тӏе мийра тоьхна, аркъалвахийтира милцо.
– Кхахьпа-йаӏ, ахчанах дохкаделла кхахьпа! – аьлла, цуьнан йукъахарчу шаьлтанах тасавелира иза, амма тӏехьаьлхинчу салташа тоьпийн баххаш тоьхна вожийра.
Болат хуьлучух кхета а кхиале, куьйгаш букъа тӏехьа дихкира цаьршиннан.
Маьхьарий хьоькхуш хӏусамнана а, бераш а, леташ хӏусамда а гича, чукхоссаделлачу доккхачу жӏаьло, тӏекхетта, варех цергаш йоьхкира цхьана салтичунна. Амма цуьнан накъосто, гайх чекх цамза а баьккхина, лаьттах таӏийра иза.
ХІокхушинца дерг чекхдаьлча, рагӏу чуьра гомаш а, бугӏа-кӏорни а арайаьккхира салташа а, милцоша а. Шимма, йалтадухкургачуьра ара а кхийсина, галеш шаьлтанашца этӏош, керт ма-ййу йаржийра царна чуьра, деши санна, можа хьаьжкӏаш. Болатгӏар геннабевлча а хезара хӏусамненан мохь а, берийн белхар а. Амма церан маьхьарий цхьалха дацара йуьртахь.
Гаттий, гомийчу урамашкахула дӏабуьгучу Болатгӏарна гора салташий, гӏалгӏазкхаший, милцоший йуьртан массо маьӏӏера майданехьа лоьхку нах. Даьхний кхечу агӏор лоьхкура, схьахетарехь, эвлан йисте.
Хӏорш майдана кхаьчча, кхузахь салташа го а бина лаьттара когахь мачаш, йа тӏехь чоэш, йа коьртахь куйнаш а доцуш бӏе сов стаг. Царна йукъахь ши куьг тӏехьа а дихкина лаьттара Тангӏай. БІаьргашца лехарх, Болатна ца карийра ӏабдул-Хьаьжа. Майданан цхьана маьӏӏехь говрашкахь, курра корта а айъина, адамийн тобане хьуьйсура инарла Виберг а, эла Авалов а. Царна тӏехьа лаьттара нохчийн эпсарш.
ТІебало нах севцча, гонаха ха а хӏоттийна, Ведана боьдучу новкъа бехира лецнарш. Шинна йуккъехь