суна кхечаьргахула хазарехь а, гӏаттам герга бу. Иза ца хилча а балац. Вайн халкъ лоллехь доллу, ахь ма-аллара, чӏогӏа къизачу лоллехь. Лолле вожар а эхь дац стагана, амма, оцу лоллина къера а хилла, сацар ду эхь. Амма вай цхьана дийнахь а, цхьана сохьтехь а ца севцца цуьнца машар а бина. Вайн халкъан дерриг кхетаме дахар шен маршонехьа, шен сийгахьа, шен адамаллин бакъонашкахьа болчу къийсамехь дӏадоьду. Иза къонахчу стеган, къонахчу халкъан амал йу. Гӏаттамна уггар аьтто болу хан тӏекхаьчна, ӏаьлбаг. Паччахьан арахьарий, чоьхьарий гӏуллакхаш дика дац. Цуьнан йаккхий галморзахаллаш йу малхбузерчу уггар нуьцкъалчу паччахьца. Махкана чоьхьа а маьӏ-маьІӏехь цӏерш лета. Кхидолу къаьмнаш-м хьехор дацара вай, оьрсашна шайна а кӏордийна паччахьан ӏедалан къизалла. Гӏорасизчу вай дукха къийсина нуьцкъалчу паччахьашца. Эшна, кӏелдисина. Вешан ницкъаца толаме догдохийла йац. Гӏорасиз цхьаъ толац нуьцкъалчул, амма, гӏорасизниш дуккха а цхьаьнакхетча, царах буьрса ницкъ кхоллало. Къаьмнаш ша-ша къаьстина гӏуьтту паччахьан ӏедална дуьхьал. Цундела уьш атта хьошу. Халкъаш дерриг цхьаьна гӏовтта деза, тӏаккха боккхур бу цара толам. Оцу гӏаттамна кийча хила деза вай.
– Вай кийча долу-м дукха хан ма йу. Кхечаьрга хьуьйсуш Іа-кх.
– Ас ма боху хьоьга, ӏаьлбаг, вешан къийсамехь хӏинца вай цхьалха дац. Ӏедална дуьхьалбевлла оьрсийн белхалой, ахархой, лоллехь далло кхин къаьмнаш а. Кху махкара ӏазапехь далло дерриг къаьмнаш – бусалбанаш, керстанаш – цхьаьна а тоьхна, ӏедална дуьхьалгӏовтто хьан йолу ойла дика ойла йу. Амма динан дайша новкъарло йийр йуй-те хьуна, и ойла кхочушйеш? Вайн йерриг дегайовхо къоначу тӏаьхьенна тӏехь йуьсу. Суна хетарехь, хӏокху гӏаттаман коьрта ницкъ къонаниш хир бу. Цундела хӏокху гӏаттамна коьртехь къона, хьекъале, майра а баьчча веза. Динан дайшца къовса а, тола а хьекъаллий, ӏилмий долуш. И дерриг хьоьца ду, ӏаьлбаг. Нагахь, и де тӏехӏоьттича, йартийн тхьамданаша хьайга имамалла кховдадахь, дӏаэца. Халкъан дуьхьа, маршонан дуьхьа.
Ӏаьлбага доккха садаьккхира.
– Ларор вуй-те со, Берса? И деза дукъ коча эца, махкахь а вевзаш къонах ма веза.