кхеторан а, кхиоран а бала бацара цхьаннен а. Мелхо, ма-хуьллу бодане теІош. Нохчийчоь къарйина сацийначул тІаьхьа даьллачу хІокху берхІитта шарахь цхьа школа йу дерриг халкъана йиллинарг. Цига а молланийн, совдегарийн бераш бен дІа ца оьцу. ХІара халкъ кога кІел латтош, шена гІорторашна йалхой кечбан йиллина иза а.
И дерриг шера хаьа Іуммин Дадина. Халкъ аттачу балхах ца гІеттинийла, кхидӏа детта са а ца хилла, собар а кхачийна гІеттинийла хаьа. Амма церан дуьхьало эрна йуйла а хаьара Дадина. Тахана а, кхана а къуьйсур ду цара, амма лама, хьаьшна, шайн цӏела карчор бу. Иза-м йуьхьанца дуьйна а ма го Дадина. Стенна оьшу эрна цІий Іенор? ХІара Нохчийчоь паччахьан кога кІел йахана ма йаьлла. Оцу кІелхьара йер ма йац иза, мел йеттайаларх. Меттах массаза хьов, тІе ког теІош, ведйир йу…
Шара-Органна тӏехь ӏуммин отрядах летачаьрца вара Іуммин Дада. Цхьа взвод атаке а йигира цо. Ша а тапча йиттира гӏовттамхошна йукъа. Гиний-те иза дена? Хӏун дагадеана-те цунна, кӏант шена дуьхьал леташ гича? Ма тамашийна зама йу хӏара. Ши кӏант дена дуьхьалваьлла. Герз а карахь…
Оцу ойланца Зумса чу вуьйлира Іуммин Дада. Амма Зумса йацара. Иза хиллачохь хӏинца тхевнаш, неӏ-кор йаьгна, ӏаржделла лаьтташ тӏулган пенаш ду. Чим бинера докъарийн холанех а. Дагийнера рагӏуш, божалш, гӏотанаш. Цхьа а адам дац йуьртахь гуш. Деккъа цхьа меца жӏаьлеш ду йаьгна ков-керташ ӏалашйеш.
Дадина геннара дуьйна го шайн цӏенош. Цигахь цхьа а хьокха ца битина. Ирахь йоллушехь йагийначу гӏопан масех у ду раздаьлла кхозуш. Говр диттах дӏа а тесна, керта вахара иза. КІомсарш къажийна, делла ӏуьллу церан ши жӏаьла. Алун барз бу хӏинца а кӏур туьйсуш. Циггахь тӏекӏел а йоьттина, цӏе тесна мотт-гӏайбех, йийбарх. Кӏора хилла доьрчашна чуьрачу хьаьжкӏех а.
Дадин кийра цӏеран алу хьаьвза. Хӏара чохь вина, бералла текхна, нанас хьистина бен бу бохийнарг. Цхьана Дадин бохийна ца ӏа. Масех эзарнаш бохийна. Эзарнаш адамаш хьаннашкахь буьйсанаш йохуш лела. Акхарой санна. Ӏедалхошна адамаш ца хета хӏара ламанхой. Атталла хӏара Дада санначу ламанхойн эпсаршка а хьуьйсу сийсазаллица.
Шен къомах жимма а дог лозург хаалахь, иза кхуссий