Зударий – халкъан деган хьехам,
цуьнан доьналлин хьоста ду.
Джек Коун
Шен бӏаьхошца бахархошна хало ца йан, денош йочане ца хилча, наггахь бен йарташкахь ца соцура ӏаьлбаг. Цкъа-делахь, хӏорш дуучунна-молучунна кхаба дезаш хуьлура церан, шолгӏа-делахь, мацца а цкъа баьхкинчу салташа оцу йуьртана луьра таӏзар дора хӏорш чубитарна.
Тахана шен жимачу бӏоца Гӏамар-Дукъахь сецнера ӏаьлбаг. Бердан йисттехь, боккхачу ножа кӏел сийначу бай тӏехь аркъал а тевжина, Іуьллура иза. Дагна там беш, зезагийн а, сийначу гӏан а хьожа йара хӏокху лакхенан цӏена хӏаваъ дуьзна. Нийсса дуьхьал гора, сирачу кортош тӏе мархийн месала куйнаш а техкина, тийна, буьрса лаьтта нохчийн лаьмнаш. Церан когашкахь йаьржина Іохку Басса тӏера йарташ. Хьалха кӏел, Хулхулона йистехь, шерачу экъан тӏехь Веданан гӏап а ӏуьллу.
Цигахь лаьтта даим а паччахьан ӏедалан Нохчмахкахь болу коьрта ницкъаш.
Ткъа гонаха, йерриг Нохчмахка этӏош, дина кхин кегийра баннаш а ду. Цигахь даим дӏа эскарш лаьтта. Массо йуьртана тӏе йаккхийчу тоьпийн йуьхьигаш а йоьгӏна. Нохчийн хӏор а итт йуьртана цхьацца гӏап кхочу. Хӏор а итт сина – цхьацца салти. Царал сов, герзаца кечйина ткъех станица а йу. Оцу шинахьарчарна а гӏо дан массо хенахь кийчча лаьтташ нохчийн къомах схьабевлла эпсарш, совдегарш, динан дай, кхин цхьацца кег-мерса йовсарш а йу. Цаьрца массаьрца а ларор вуй-те ӏаьлбаг?
Іаьлбагна жимма дехьо, верта а даржийна, хьалха дехкинчу кехаташна тӏе а вогӏавелла, бертал ӏуьллу Коьра. Ӏаьлбага сацамбина Веданна тохар дан. Паччахьан Іедалан кхузара и коьрта бен бохо. Оцу тохаран план хӏоттош ву Коьра.
Дехьо попа кӏел, цхьаъ-м къуьйсуш, гӏовгӏа йо Къайсара а, Къосама а, Сулимана а. Ӏаьлбага ладугӏу. Іумма хьехаво цара. Сулиман тӏетаьӏӏина луьйш ву Іуммина. Къосама бехказвоху, ткъа Къайсар маслаӏат дан гӏерта.
Ӏаьлбага, бӏаьргаш тӏе куьг хьоькхуш, къехкайо тӏетеӏа наб. Хӏинцца цхьаъ хоттур ду Коьрас. Дика доттагӏ а, хьекъале хьехамча а ву Коьра. Массо а операци цуьнан планаца йо ӏаьлбага. Уьш кхиамза чекхйовлар Коьрин бехк бац. Майра а бу, къонахий а бу Іаьлбаган къона бӏаьхой, амма тӏамехь бахчабелла бац. Ткъа