йукъахь Дадина къаьстара ден гӏоргӏа аз. Маьркӏажан бода къовлалуш, лахара хьалабогӏучу гӏашлойн новкъахь гучувелира ши стаг. Хьалха вогӏу Амин Хьусайн вевзира цунна бӏаьрг ма-кхийтти, шоллагӏниг цхьаннах тарвелира цунна, и шиъ тӏекхаьчча. Хьусайна делла салам схьаэца синкхетам а боцуш, къаьрззина оцу шоллагІчуьнга хьоьжура Дада.
– Овхьад? – цецваьлла хьалаиккхира иза.
Овхьада, тӏе а веана, куьг делира Дадега.
– Ахь хӏун до кхузахь? – хаьттира цецваларх хӏинца а меттавазачу Дадас.
– Хьошалгӏа веана хьо волчу, – забар йира Овхьада. – ӏумма-Хьаьжа мичахь ву?
– Чохь ву иза-м, – тӏехьа корта тесира Дадас. – ДІадуьло чу.
Хьусайн хьалха а волуш, хӀорш чубевлча, гӏийла ден зуькар сацийра наха. Даим санна, кетар тӏехь ах-тевжина ӏуьллу ӏумма, хьаша гича, хьалагӏеттира. Куьг луш маршалла а хаьттина, Хьусайнна тӏевирзира Іумма.
– Хӏара мила ву? – хаьттира цо, буьрса цІоцкъамаш а дусийна.
– Іаьлбаган геланча ву ша, боху, хІокхо, – жоп делира Хьусайна.
Ӏуммас коьртера охьа когашка кхаччалц бӏаьрг туьйхира Овхьаде.
– ӏаьлбаган геланча ву хьо? – хаьттира цо.
– Ву.
– Ишар?
– Яьсси кхойкху Органе.
– Тешамна хӏун йаийтина?
Овхьада, шен кисанара даьхна, суьлхьанаш дӏакховдийра.
– Маса ду хӏорш? – хаьттира Іуммас.
– Делан хӏор а цӏарах цхьацца.
– Охьахаа, – цӏарна уллохь лаьттачу гуьйриг тӏе корта а тесна, шен метте охьахиира ӏумма. – Марха, йуург лохьа тхуна.
Мархас чохь шийла сискал а, нехча а йолуш, текх хӏоттийра хьалха. Ӏуьйрре хӏума кхалларх волу Овхьад, шега дехарш ца дойтуш, тӏе а хилла, сихха йаа вуьйлира. Вуьзча, тӏе хи а мелла, Овхьад йухахилча, гӏуллакхах дерг хаьттира ӏуммас. БІаьрган хьажарца цо арабехира нах.
– ӏаьлбага хӏун боху?
– Кхана ӏийча, лама, Іуьйранна Веданна тӏелатар доладо цо. Вайн коьрта ницкъ цига дӏаузу. Амма мостагІчун ницкъ вайчул иттаза алсам бу. Хьайн нахаца лама ӏуьйранна Басса вала, боху хьоьга. Накашидзен ах эскар мукъане а хьайна тӏедерзо деза ахь. Хьуна маса стаг гуллур ву хаа лаьа ӏаьлбагна.
– Виъ-пхиъ бӏе.
– Залмин Дадиниш а багарбой ахь?
– Хӏан-хӏа.
– Иза шен нахаца кхузахь вита, бохура. Кхузара эскарш букъа тӏехьахула хьуна тӏе ца латийта. Дегӏастанара гӏо хир дуй?
– Цигара