цхьаьнатоха, маршонан идейш кхайкхо, йаржо. Уьш цхьа а ма дац вайн, Овхьад. Паччахьан дика ӏамийначу регулярни эскаршна, кху заманан тӏеман тактика, стратеги хуучу инарлашна, кху заманан герзана дуьхьал вай хӏун йоккху? Хӏумма а. Ӏаьлбаг хьекъале стаг ву, боху, амма дуьненан ӏилма ма дац цуьнан коьртехь. Цо атталла прапорщикийн школа а ма ца йаьккхина.
– Вашингтона а ца йаьккхинера эпсарийн школа.
– Вашингтон а, ӏаьлбаг а цхьаъ вац. Гӏевттинчу американцашна гӏоьнна шайн лаамехь массо а мехкашкара дуккха а нах оьхура цига. Уьш дуьхьалбевллачу Англера а цхьаьна. Мила ву вайна орцахваьлла? Цхьа а вац-кх. Тахана кхузахь хуьлуш дерг атталла Россехь а ца хаьа. Хуучара а олу, уьш-м акха нохчий, разбойникаш бара, цивилизацина дуьхьалгӏевттина. Къинхетамза таІзар даро бен совцор боцуш. Оцу пропагандо хьалха вайга къахетарца хьийсинчу оьрсийн муьжгийн ойла а хийцина. Вай толахь, кхузара шаьш дӏадовла деза моьтту царна. Моттийтина-кх…
– ӏаьлбаган и ӏалашо йац, Дада. Цо нийсо лоьху. Кху махкахь дехачу къаьмнашна цхьатерра бакъонаш, цхьатерра латта.
Дадас куьг ластийра.
– Утопи! Цкъа а цахилларг йа хир а доцург! Кху махкахь дехачу къаьмнийн бала бу ткъа паччахьан правительствон? Шуна дӏадекъа делла цо кхузахь хьолахошна эзарнаш десятинаш латтанаш? Латта а, нийсо а, маршо а лоьхуш гӏуьттучарна динарг а, дийриг а ца хаьа хьуна? Европехь а, Россехь а, дуьненан массо маьӏӏехь а. Дуьненахь цхьаьнгге а ца йаккхайелла маршо а, нийсо а йаккха гӏерта хьо а, хьан ӏаьлбаг а!
– Къам а ма ду, доьзал санна, – элира Овхьада гӏайгӏане. – Вайшиннан доьзалерчу адамийн а йу тайп-тайпана ойланаш. Массо къомана йукъахь а ду иштта адамаш. Масала, Англис, Францис, Испанис, кхечара а колонеш йацайарх, оцу пачхьалкхашкара къаьмнаш а ма ду къелла къикъдоьлла. И къаьмнаш ма дац и колонеш дӏалецнарш.
– Туьйра! – йуха а куьг ластийра Дадас. – Оцу къаьмнийн салтий бац ткъа и мехкаш дӏалецнарш? Йа оьрсийн салтий бац ткъа тахана вайн маршо цамзанашца хьоьшурш?
– Нуьцкъах схьа ма лоьхку уьш…
– Хьан йина дуьхьало? Цхьаммо а. Шен цӏе йилла а ца хуучу, шен махкахь ког тӏе хӏотта латта а доцчу салтичунна хьо а, со а адам ца хета. Шен и паччахь