барта дарс ӏамочу мутаӏеламийн гӏовгӏанаш. Денош хоьрцуш схьайогӏу цуьнан ойла, берхӏитта шо йуханехьа йахана. Иза йехха соцу хӏетахь хиллачу тӏеман тӏаьххьарчу шерийн эрчонашна тӏехь.
Бехха лаьттира кху регӏаца бижина кӏур, хӏаваэхь кхагаран хьожа. Хӏор а доьзалехь – тезет. Моьттура, цу даьгна ӏаржделла, цӏийделла лаьттачу пенашна, херцаршна тӏехь йарташ цкъа а йухаденлур а йац, йаьгна, кӏора а хилла, ирахь лаьттачу диттийн чархаш йолчохь цкъа а бошмаш йухакхуьур а йац. Кху Нохчийчохь цкъа а беларан, самукъанечу иллийн аз а хезар дац…
Амма хено, оцу дарбанечу лоьро, кӏез-кӏезиг йерзош, эххар мелла а йерзийра и дера чевнаш. Тӏехула ирча моьнаш а дуьтуш. Царна бухахь, хӏораннан даг чохь, цкъа а дерза йиш йоцу даьӏнаш дуьтуш. Уьш цӏенна дӏайерза ца йуьту ӏаьлбаган даймахкахь къиза харцо латточу паччахьан ӏедало.
Паччахь-м – паччахь вара. Цуьнан инарлаш а, хьаькамаш а шайн паччахьан ӏедалан гӏуллакх дӏакхоьхьуш бара. Ткъа, цаьргахьа а бевлла, шайн халкъан къамкъарг Іуьйдурш?
Іаьлбагна дика бевза уьш – Орцагӏар, Чомакхгӏар, Хьотагӏар, КІужугӏар, Шахьболатгӏар санна йолу и чагӏалкхаш.
Тӏекхочийла-кх и де! Тӏаккха ӏаьлбага бекхам оьцур бу царах.
Набарха ваьлча санна, цӏеххьана хеза цунна шайна делла дарс дагахь ӏамочу мутаӏеламийн бес-бесара аьзнаш:
– «Хӏаза – хӏара, китабун – жайна ду, мухтассирун – дацдина а долуш, ал пикъхӏу – бакъдолчех а долуш…»
«…Бакъдолчех долуш…», «бакъдолчех долуш…», – йух-йуха а хеза цунна иза. Хӏун ду цигахь бакъдерг? Йуьхьанца деша воьлча, теша дерригенах. Цхьана ӏилманан кӏорге кхочур ву-кх бохуш, хьалха дІагӏерта. Цига кхача гӏерташ, пхийтта шарахь изза къахьегна ӏаьлбага. Дерриг хууш хиларх тешна ваьлча, вежаршца цхьаьна дуьне ган Макка Хьаьж-ЦІа вахара иза. Ша пхийтта шарахь Іамийначу ӏилманах оцу гена мехкашкахь цунна жимма а пайда кхеттарг цо ӏамийна ӏаьрбийн мотт бара. Важа дерриг а эрна хилира. Цунна гира исламан коьрта шахьарш: Уьстамал, Макка, Медина.
Халкъе цхьаъ а дуьйцуш, шайна аьтто берг леладо цигахь а хьолахоша.
– «Хӏаза – хӏара, китабун – жайна…», – доьшуш хезара мутаӏеламаша.