а мостагӏех лардар цхьаъ ду, ткъа, ахь ма-аллара, паччахьаша, хьоладайша а шайн аьттонна бечу тӏамехь цӏий ӏенор – иза ша ду. Амма хӏара таханлера тӀом вайн паччахьо хьалха болийна, боху. Ткъа бехке хьалха дов долийнарг ву! Даймехкан а, халкъан а сий лардан дезаш киртиг тӏехӏоьттича, со уггар хьалха гӏоттур ву. Амма паччахьийн а, хьоладайн а гӏуллакхна лета а, вала а луур дац суна, нагахь, нуьцкъах вига а вигна, нуьцкъах ца летийтахь, Суна дагадогӏург кхин ду, Овхьад. Даим дӏа вай паччахьийн а, хьоладайн а гӏуллакхна децаш, леташ, цӏий ӏенош, таьӏна ӏийча, халкъашна маршо маца хир йу? Массо а халкъаша шайн-шайн махкахь, паччахьаш а, хьоладай а дӏа а баьхна, ӏедал шайн кара схьаэцча, тӏаккха хӏара харцонаш, ӏазап, мостагӏаллаш, тӏемаш дӏабевр ма бара.
– Мацца а цкъа иза а хир ду, Іаьлбаг, – элира Овхьада сацамболлуш.
ГІовттамхойн жима отряд Даьргӏана лакха регӏа йаьлча, царна гира Гӏамар-Дукъа тӏехь хӏоьттина сийна кӏур а, хезара и декхна де къекъош йуьйлу йаккхий тоьпаш а.
Ӏаьлбага шен сирачу динна шед туьйхира…