Уьш салташна йуккъе нисбаларх-м цецволийла а дацара цуьнан, амма уьш кхузахь хиларо цецваьккхинера. Мераӏуьргаш йекош, тӏаьхьарчу когаш тӏе а хуьйшуш, йухагӏертара Янаркъин говр. Цуьнан лога тӏехь, цӏен серий хилла, ӏийдалора довха цӏий. Хьалхарчу аьрру когана астагӏ лелхара иза. Шен дегӏачул, говран ойла йора Янаркъас. Цуьнан цхьаъ бен йоцу цхьа говр ма йара иза.
Цул сов, нохчийн вархӏий дайшкара схьадогӏуш гӏиллакх а дара, тӏамехь мостагӏчун а говраш ларйеш, ткъа хӏокху салташний, ламанхошний бен йац хӏуъу а, шайн синош кӏелхьардевлчхьана. Нохчийн и гӏиллакх хуучу салташа, шаьш гатте хьовзийча, гӏаш бовлий, говрашна тӏехьа а хӏуьттий, тоьпаш йеттара. Хаьара, говрашна кхетарна кхоьруш, нохчаша шайна тухур йоцийла.
Деа сахьтехь дуьхьало йина, гӏовттамхой, шайн байъинарш, чевнаш хилларш говраш тӏе а бетташ, кӀоргачу боьрахула Даьргӏахьа йухабевлира. И агӏо мостагӏ воцуш маьрша йара царна. Амма хӏорш шайн махка тӏе бевлча, даьргӏахоша царна сацамболлуш дуьхьало йира.
Даьргӏахойн дуьхьало а хадийна, чекхвала аьтто болушшехь, стенна делахь а, бӏо йухаберзийра ӏаьлбага. Схьахетарехь, даим санна, нохчашна йуккъехь цӏий ӏанорах къехкара иза. Дог ца дуьллура иштта йарташ кхана-лама шена тӏейоьрзург хиларх. Амма хӏара Даьргӏа а, Белгӏата а йуьххьехь дуьйна, туьран дитт хилла, дуьхьалйевллера гӏовттамхошна. Ӏаьлбага царах къинхетам хӏунда бо а ца хаьара Янаркъина.
ЦІеххьана йухабирзина гӏовттамхойн бӏо, ӏаьлбаг хьалха а волуш мостагІчун позицина йукъа кхоссабелира. Хӏара хир ду аьлла дагахь доцу Смекалов цхьана минотана вуьйхира. Эххар а цо приказ делира, царна тӏе йаккхий тоьпаш тоха аьлла.
Къора санна, тӏеӏенара чаччамаш. Йукъ-йукъа лелхачу гранаташа сийна цӏе латайора хьалхий, тӏаьхьий. Янаркъина а гуш, масех дошло вожийра шайн говрашца цхьаьна. Цунна хьалха воьду Къайсар а вацара мукъа. Шиний агӏор раз вуьйлуш тур детташ, ков доккхуш, хьалха гӏертара иза. Тӏехьа хьажавеллачу Янаркъина гира шен