VIII корта. ДЕКЪАЗНИШ
Декъазниш! Хийрачу махкахь
Йайра шун дегайовхо…
М. Лермонтов. «Кавказан йийсархо»
Салтийн отряд йуьрта йуха ца йогӏуш хьейелча, хьаннашкара цӏа бирзина, овкъарш тӏехь лаппагӏнаш йуьйгӀира наха. Кертахь божарий болчарна мелла а атта дара керла хӏусамаш хӏитто. Амма Айзин а, Къайсаран а доьзалш бисира йерзинчу стиглан кӏел. Хӏор а дийнахь, ӏуьйранна са ма-тессинехь гӏовттий, маьркӏажан бода боллалц шаьш болх бора.
Масех де дӏадахара баьгна тӏекхетта ши тхов вовшахбоккхуш. Цкъа хьалха латта аратийсира. Ча а, гӏодамийн чӏегӏагаш а ийначу лаьттах халла йоьдура бел. Масех бел дӏатосуш, тӏаккха куьйга чаш, гӏодмийн чӏегӏагаш ийзош, дохийнера куьйгаш. Кегочу лаьттах кхагаран хьожа йогӏура. КІормодаша йуьзнера Іусманан йуьхь. Некха тӏехулий, букъа тӏехьахулий хьацарца охьаихнера кӏурз. Ши куьг ваьшта ца дуьллуш болх бора Айзас, Эсета, Дешис, Маккас. Ийзош, лаьттара схьадохура дагаза дисина дукъош, орцхаш. Дохийна кораш, неӏарш вовшахтийсира Васалий, Мӏаьчигий. Цхьа кӏира даьлча, шина а цӏенна тӏе тхов тиллина, цхьацца кор дендина, хӏусамашка бирзира Айзин а, Къайсаран доьзалш а. Цхьадика, Эсетгӏеран цӏа дохоза дисинера.
Дийнахь а, буса а Нохчмехкан лакхенга лерг диллина Іара уьш. Денна хезара цигахь йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн дур. Регӏаца дуьйлучу герзаша наггахь буьйсанан йуккъехь а аралоьлхуьйтура уьш. Бус-буса, хан йаьллачу хенахь гӏоттий, арайолий, учарчу бӏогӏамах тевжий, лакхенга бӏаьрг беттара Айзас. Урамехь цхьаъ вистхилча, говрийн тата даьлча, йагийча санна, араоьккхура.
ХІокху тӏаьххьарчу хенахь цӏеххьана хийцавеллера Іусман а. Беран гӏиллакхех хӏумма а ца дисинера цуьнца. Азваларна дара а хаац, кӏант вахвелча санна хетара Айзина. Йуьхь йахйеллера. Ӏаржйелла йогӏура меракӏело а. Хӏинца цуьнан кочахь дара цӏийнан дукъ а. Цу тӏе, минотана а даг тӏера ца болура вешех болу сингаттам а.
ХІокху деношкахь хӏумма а самукъане боцу хаамаш кхочура Гати-Юьрта. Веданна уллохь а, Гӏамар-Дукъахь а, Кхеташ-Коьртехь а Іаьлбаган хиллачу эшамех йарташна зуламе тӏаьхье хир йуйла хаьара нахана. ТІе, цхьана денна-буьйсанна цӏа веанчу Асхьада а, Инарлас а дукха буьрса буьйцура цигахь хилла тӏемаш.