И де-буьйса дӏадахара ӏумаран кийра рицкъанан цуьрг ца доьдуш, кхарзало кийра шелбан гӏерташ, сихдина хи муьйлуш. Тахана кӏеззиг хӏума а кхаьллина, жимма чусадеара цунна.
Къаьсттина довха дара таханлера пӏерасканан де. Масех де хьалха догӏа дилхинехь а, кхарзаделлера латта. Чохь са доцуш санна, лацаделла, тийнера диттийн гӏаш а. Ца хезара олхазарийн эшарш а. Геннахь цхьаннан бешахь баӏарна буьххьехь мохь хьоькху ламлевсиг а, гӏийла бека къоркхокха а ца хезча, дерриг олхазарш делла дӏадевлла мотталора.
Хӏинццалц Мохьмад хӀокху урамехула дӏасаволуш хьере чукхийсало жӏаьлеш, кертийн, рагӏойн диттийн а ӏиндагӏашкахь даьржина, парталдевлла дийшина Іохкура. Берзина когаш морцура йовхачу чено. Ког мел меллаша биллича а, нитӏа[22] санна, шиний агӏор тулгӏеш йетташ, когийн пӀелгаш йуккъехула хьалаӀийдалора чан.
ЖІаьлеш ца летча, сагатделира Мохьмадан. Эрна мохь хилла, карахь йисира царна тоха новкъа йаьккхина гӏаж. Ченах къаьхкина, нехан бошмашкахула дӏаволавелира иза. Башха керташна тӏехула вийла а ца дезара. Хьалха салтийн отряд йеача, цӏенош дагош, йерриш а йагийнера уьш.
Тӏекхаьчча ӏаж-хьормат а йоккхуш, шина-кхаа бешах чекхваьлла, йуьртан коьртачу ураме велира Мохьмад. Некъо голатухучохь цунна дуьхьалІоттавелира, гоьллец хечин когаш хьаладина, йайдакхчу говрахь вогӏу Хортӏин ӏабди. Говран тӏеда гай гича, Мохьмадна хиира иза, Яьсси чохь говр лийчийна, вогӏийла.
Хӏокху йуьртана хуьлучу берриг бохамашна Хортӏа бехке хетара Мохьмадна. Муха ца хета, нахе текхамаш а цо бойту, ӏедална маьхза балха а цо хьийсабо, кхуза салтий баьхкича, царна хьалхаволий а иза хуьлу. Цуьнан кӏанта Асхьада гайтира салташна даго деза цӏенош а. Хӏинца Мохьмад тешна вара шен ден ваша ӏела а, Маккхал а Хортӏас лацийтина хиларх. Кхечо дойла а ма йацара иза. Баккхийчех бекхам эца ницкъ бацара Мохьмадан, амма, тӏе масазза кхечи, ӏабдина хӏума тухура цо. Иза гучуваьлчхьана ойла йора Мохьмада, цунна хӏуьттаре муха йийр йара-те бохуш.
– Новкъахь чан ма йаха, Хортӏин харданг! – мохь туьйхира цо, ша цунна тӏекхочуш.
– Хьайн тӏотӏеш бехйаларна кхоьру хьо, мезийн тӏуьйлиг? – цавешаш, бат разйаьккхира ӏабдис.