бусалба вежарий. Шена дуьхьалбевллачарах, шарІан некъах тиллачарах, Шен лаамца баьхкинчу паччахьашна дуьхьалбевллачу нахах цхьаболчарах – дуьненахь, кхечарах – кханалерчу къемат-дийнахь бекхам оьцур бу Ша, аьлла ду Делан дош. Шайна зуламе ваьлла стаг адамаша шайх дӏахерван веза, нажжазван веза, таІзарна ӏедале дӏавала веза, аьлла Дала. Ӏаьлбагна тӏаьхьахӏиттина вешан йуьртахой, совцийна, йа, лецна, ӏедале дӏабелла, цхьа агӏо йаккха йеза вай…
ТІехьарчу могӏаршкахь гӏугӏ долу.
– …Алхьамдулиллахӏ, алхьамдулиллахӏ! Вайн везачу Дала аьтто бойла вайн паччахьан туркошна тӏехь толам баккха. Махкана чоьхьара зуламхой хӏаллакбан…
– Амин!
– Аллахӏу амин!
Солтхана гонах бӏаьрг туху. Доӏина куьйгаш хьала а ца лоцуш, вовшашка а хьуьйсуш, кортош хьийзадо цунна уллохь болчара. Йукъ-йукъара гӏеттина масех стаг, нах дӏаса а тоьттуш, неӏарехьа волало. Маьждиг чохь дов дойла ма йац. Товсолта-Хьаьжас дуьйцучуьнга кхидӏа ладогӏа собар а ца тоьу.
Хьала а гӏеттина, Солтха а вахара царна тӏаьхьа…