Хӏетте а, кхузара куьйгалхой, приставна тӏера хьала областан начальникна тӏе кхаччалц, мел хьанала адамаш хиллехь а, уьш бахархойн ӏер-дахар мел тодан гӏиртинехь а, тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа даьллачу берхӏитта шарахь нохчаша маситтазза а гайтира ӏедале шайн цабезам а, мостагӏалла а. Иза шозза-кхузза даррехь гӏаттаме а дирзира. Бакъду, и гӏовттамаш массанхьа а ца баьржира, цхьацца маӏӏехь лилхина уьш сихха хьаьшна дӏабехира.
ХІета, ӏедалхойн куьйгалла а дац хӏара нохчий карзахбохург. Экономикин хьелаш дуй-те вайга церан цабезам кхуллурш? Дац. Данне а дац. Дера, цаьргара, дикачуьра а боккхуш, ах мохк дӏа а ма баьккхина, вай уьш лаьмнашка а ма таӏийна. Делахь а, уьш къинхьегамна тӏера хилар а, хӏуманан тӏалам болуш хилар а, церан доьзалийн барт чӏогӏа хилар а бахьана долуш, ӏер-дахар уьш реза ца хиллал вон а дац нохчийн.
ХІетте а, кхин гуш бахьана доцуш, вайга цабезам бу церан. Вайга аьлча-м, берриг а оьрсий йукъабогӏу, иштта аьлча харц ду. Церан мостагӏалла вайн халкъаца дац, ткъа вайн ӏедалца ду. Ткъа иза иштта хилар банне а бехк бац хІокху тӏаьххьарчу берхІитта шарахь кхузахь йолчу вайн администрацин. Иза хьалха хиллачу тӏамах а, хӏетахьлерчу ӏедалхойн политикех а дисина ун ду. Тӏамо мостагӏалла кхуллу дуьхь-дуьхьал летачу шина халкъана йукъа. Амма оцу девнан тӏаьхьенан ойла йеш хьекъале нах белахь, цара иза тӏаьхьа машаре хирриг дерзадо. И ойла ца йинера хӏетахь кхузахь гӏуллакх динчу ӏедалхоша. Уьш итт-ткъа, бӏе шарна хьалха ца хьуьйсура, шайн оцу дийнан толаман бен ойла ца йора цара.
Хууш ду, оцу бехачу тӏамехь Шемал даим хӏокху нохчашна тӏетийжаш чекхваьллийла. Нохчех хаьдча, иза масех бутт балале йийсаре веара. Ламанхоша йеххачу хенахь вайн ӏедална дуьхьал латтийначу къийсамехь хӏара Нохчийчоь уггар дера а, уггар нуьцкъала а йара. Кхуза хьежадора вай вешан тоьлла эскарш, уггар майра а, говза а полководцаш. Кхузахь хилира вайн даккхий дараш а. Цундела хӏара нохчий гуттаренна а къарбина, кӏелсовцо ӏалашо йолуш, тӏаьххьарчу итт шарахь дӏа мел лаьцначу лаьтта тӏера уьш дӏалоьхкуш, цигара хьаннаш йагош, тӏеман чӏагӏонаш йугӏуш, болх бира вайн командованис.