Ткъа муьлш бу кхузахь мятежникашна коьрте хӏуьттурш? Авантюристаш бу-кх. Шайн мерал дехьара дуьне а ца гуш болу. Церан масех ӏалашо хуьлу. Цкъа-делахь, халкъана хьалха шайн авторитет айъар; шолгӏа-делахь, йоццачу ханна мукъана а халкъана коьрте хӏиттар; кхозлагӏа-делахь, оцу кӏеззигчу ханна шайн буйна нисделлачу халкъан ницкъаца вайн ӏедал а кхерийна, вайгара мелла а шайна пайдехьа дерг даккхар. Ткъа шайгарчу халачу хьоло бӏарздина, дардина, цхьаъ хьалхаваларе хьоьжуш ладоьгӏу сонта адамаш, шайга мохь ма-туьйххинехь, бажа санна, царна тӏаьхьахӏуьтту.
Доцца аьлча, нохчий ца теша вайн ӏедалера шайна диканиг хир ду бохучух. Церан аьттонна правительствос долийначу муьлххачу а гӏуллакхах нийсса бӏостанехьа кхета уьш. ТІом чекхболуш вайн правительствон цӏарах шайна йелла бакъонаш, кӏез-кӏезиг йохуш, лаххьийна шайгара дӏайахарна кхоьру. И дерриг бахьанаш кхаа дашца алалур ду: нохчийн сихалла а, сонталла а, кхетамзалла а.
Тӏаккха ас хаьттира инарле, нохчийн хӏокху гӏаттаман а, туркошца болчу тӏеман а вовшашца зӏе йуй-те аьлла.
– Нахана моьттучу агӏор-м йац, – жоп делира инарлас. – ХІара гӏаттам а, туркошца вайн тӏом а цхьаьна нисбаларна, нахана моьтту нохчий туркойн барта гӏевттина. Иза аьттехьа а дац. Балканехь вайн а, туркойн а йукъаметтигаш галйийла йоьлчхьана, лурчах дуьйна Кавказски эскарийн командованис дукхе-дукха леррина тергам латтабо, хӏокху лаьмнашка туркойн эмиссараш богӏий хьоьжуш. Командованина ца хаавелла кхуза веана туркойн агент. Амма кхин цхьаъ ду. Туркоша кхузарчу ламанхошца шайн зӏе Макка оьхучу нахаца лелош хилар гучудаьлла дукха хан йоццуш.
Дегӏастанарчу цхьацца наха и зӀе латтайо Турцехь вехачу Шемалан кӏантехула – Гӏеза-Махьмехула. Мелла а цаьргахула дӏа цхьацца йазораш хилла Шемалан наиб лаьттинчу Дуев ӏуммин а. Амма нохчийн хӏокху гӏаттаман тхьамданийн туркошца цхьа а тайпа зӏе цахилар гойту и гӏаттам ша-шаха болабаларо а, Константинополе лерг диллина ӏен ӏаьлбаган Дегӏастанара бартахой цунах дӏацакхетаро а. Ӏумма дегӏастанхошца барт болуш хилар а, хӏокху гӏаттаман тхьамданашца цуьнан цхьа а тайпа йукъаметтиг цахилар а гойту иза тӏаьххьалц тийна ӏаро.