шина писаро оьрсийн маттахь деша а, йаздан а ӏамош хилла царна. Суна дуьйцу хезна, цхьа бутт балале оцу бераша баккхий кхиамаш баьхнера бохуш.
Господинан Усларан пайдехьа дӏадолор кхиамза дисира. Йарташкахь школаш йахка дага-м муххале а ца деара меттигерчу администрацина, ткъа хӏокхо дуккха а къахьоьгуш халла вовшахтоьхнарг а дӏакъевлира…
Амма хено, замано шениг до. Хӏинцале а ламанан йарташка йаьржина вайн латталелоран лаккхара техника, фабрикийн товараш. Генна шайн махкал арахьа мехе а, балха а оьху нохчий. Меллашчу боларехь бовлахь а, шо-шере мел долу алсамбуьйлу европейски образовани йолуш хӏокху къомах болу нах. Правительствон бехкенна маситта шарахь кхузахь лаьттинчу тӏамо шина халкъа йуккъе доьллинчу мостагӏаллин а, цатешаман а ша кӏез-кӏезиг баша боьлла. Господашна Свистуновгӏарна, Чермоевгӏарна мел ца лаахь а, Ванькагӏар, Ахмедкагӏар вовшашка хьошалгӏа марзбелла. Уьш кхета боьлла шайн бохамашна, къоьллина, мискаллина бехкениг а, шайн массеран а йукъара мостагӏ а мила ву. Шайн массеран а маршонехьа къийсамехь оцу йукъарчу мостагӏчунна дуьхьал цхьаьнакхета боьлла.
И хилла ӏийр дац цхьа ах бӏе шо даьлча. Кху махкарчу хьолечу маьӏданех пайдаэца дезар ду правительствон. Кхузахь заводаш, фабрикаш йохкур йу, цӏерпоштан некъ балор бу. И дерриг деш белхалой оьшур бу кхузахь. Тӏаккха, шена мел ца лаахь а, меттигера туземцаш балха ца эцча а бевр бац. Туземцаш ӏамо школаш йелла а дезар ду. Цхьатерра хьелаш, кхоллам болчу оьрсийн а, туземни а белхалошна йукъара къоман башхаллаш дӏа а йевлла, классови барт кхоллалур бу.
Тӏаккха ларлолаш, господа къорза мундираш!