– Мескатана тӏехула кӏур баьлла.
– Йаго йолийна-те?
– Вайша хӏун до?
– Цӏахь ӏа-кх.
– ӏайшат?
– Регӏа хьажийна. Тхешан мотт-гӏайба лаьттах а йоьллина.
– Ас а дина изза.
Бешахь хьаштагӏна тӏеххьа аьрша деакӏовн ор дара МІаьчига даьккхина. Латта, кӏел агӏор ӏин чу дӏатийсинера цо. Йуьрта отряд йогӏуш, шайн миска сал-пал оцу ор чу а йуллий, тӏе аннаш дохкий, тӏехула лаьттан чкъор а нисдой, тӏе хьардаш йаржайой, шен зудчуьнца ӏайшатца хьуьнха воьдура иза.
– Йуьртахь виса кхераме дуй-те?
– Къанвелла вайша хьавийр хир вац.
– Вайшиннан кӏентий ма бу ӏаьлбагца.
– Вайшах ваций цуьнца…
– Схьа а лаьцна, хьийзор ву. Неӏ хьеллац, йетташ. Суна дика ма бевза эпсарш, – элира Васала.
Хӏинца тӏом Гати-Юьрта улло кхочуш боллура. Жимма ӏийча, лаха кешнашна уллохь гучубевлира дошлой. Сехьа кӏоргачу ӏин чу говраш дӏа а хӏиттийна, чехкка кешнийн кертал чоьхьа а бевлла, чарташна тӏехьа левчкъира уьш. Оцу лакхенгара дӏа царна хьалха ши-кхо чаккхарма шера майда ӏуьллура.
– Суна-м, Васал, ведда лела кӏорда ма дина.
Васала хаттар ца дира.
– Хонкара а вахара ведда, маршо лоьхуш. Цигахь исс жоьжахатех а чекхвели. Эрмалойн а, гуьржийн а лаьмнаш а телли гӏаш. Валла воллуш цӏа кхаьчча, Сибрех вахийтина, кхо шо а даккхийти…
Васала ладоьгӏу. Шен дагахь Мӏаьчиге балхам бо цо а: «Суна а кӏордийна, Мӏаьчиг. Вархӏий да помещикан лоллехь ваьллина. Изза дакъа соьга а кхечира. ТІаккха ткъе пхеа шарна салт ваьккхира со. Итт шарахь ийзийра ас и хала дукъ. Маршонехьа къийса шуьгахьа велира со…».
– Суна а кӏордийна, Мӏаьчиг. Маршо гуш йац. Кхидӏа къийса ницкъ а бац.
– Къанвелла вайша, Васал.
– Къанйелла ши борз.
– Хьан топ мичахь йу?
– ЦІа чохь.
– Хӏоъ-молха дуй?
– Ши-кхо барам.
– Сан а ду оццул.
Кешнашкахь тӏом кхехка. Йукъадеттачу йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша кегдеш ирхъоьхуьйту тӏулган чартийн кортош. Нийсачу могӏаршца, цхьамзанаш буьххьехь долу тоьпаш хьалха а лаьцна, тӏеоьху салтий. Соцунгӏа а хуьлий, тоьпаш тухуш, тӏаккха бовдий ткъех гӏулч хьалха богӏуш. Кешнашна го а лоцуш, шиний агӏор чухехкало дошлой. ГІовттамхой йуханехьа ӏин чу уьду.
– Кхузткъе итт шераш ду вайшиннен, Васал.
– Дикка латта хьешна вайша-м, Мӏаьчиг.