кхаьчнера, шеца кхо бӏе гергга нохчий, суьйлий, гӏалгӏай, тушой а болуш Басса тӏе веанчу ӏуммас цигара йерриг йарташ гӏовттийна бохуш. Батьяновн тӏаьххьара экспедици кхиаме хиллехь а, хьалхара шиъ эшам хуьлуш йерзаро оцу агӏор тешам ца хуьлуьйтура. Гӏевттина Басса тӏера йарташ букъа тӏехьа а йуьтуш, Симсаран хьаннашка гӏортар а кхераме дара. Кхана-лама схьакхача везаш командующи а ву. Хӏетале гӏуллакхах цхьа агӏо йаккха йезара.
Смекаловс сацамбира, зандакъойн а, ӏаларойн а йарташкара амалташ а, контрибуци а йаккхар Батьяновна, ткъа беной кхалхор Аваловна тӏе а диллина, Нуридан отряд, оьшшучу кхосса, резервехь Веданахь а йитина, коьртачу ницкъашца ша Басса тӏе ваха.
Элистанжа кхачале, ӏаьржа-Ахка тӏехь цхьана минотана а сацам боцуш, пхеа сохьтехь хиллачу тӏамо доккха ков даьккхира отрядах. Чӏогӏа чевнаш хиллачарна йукъахь вара цӏейаххана майра артиллерийски полковник эла Шервашидзе а.
ГІовттамхойн дӏалаьцначу чӏагӏонна тӏе хӏорш хьалабевлча, шена гиначу суьртах цецвелира эла Накашидзе. Цунна моьттура пхеа сохьтехь дуьхьало йиначу гӏовттамхойн аьтто бинарг кхузара ӏаламан чӏагӏо йу. Иза аьттехьа а ца хиллера. Ханнех дина кхоъ гӏат дара чӏагӏонан. Уьш динера хӏоранна тӏехьа болчу бӏаьхошка вукху шина гӏатта тӏехь берш тӏелетачу мостагӏех ларбайта а, хьалхарчарна зен доцуш йухабовла а аьтто болуш. Йаккхий тоьпаш ца хиллехь, хьехочохь а дацара отряде хӏара дӏалацалур йу бохург.
– Хӏара тайпа чӏагӏо гина йац суна, хьан локхалла.
– Гойла а дацара. Іумма бохучу къеначу берзан болх бу хӏара. Нохчийн хьалхалера тӏеман говзалла йу цо йукъайаьккхинарг. Хьалххе дуьйна иза ӏаьлбаган гӏеранашна йукъахь хиллехь, дикка къахьега дезар дара вайн. Амма, вайн ирсана, ӏаьлбаг а, цуьнан гӏоьнчий а, бӏаьхой а къона нах бу, цхьа а тайпа тӏеман зеделларг доцуш. Дийна дечиг ца йуьсуш, чим бай йагайайтал хӏара, полковник. Кхана, баьхкина, йуха а кхуза охьаховшур бу уьш.
Тахана отрядна даккхий дараш а дина, нийсса аьлча, цунна тӏехь толам а баьккхина, йухаваьллачу ӏуммина тӏаьхьа талла йахийтина дошлойн масех сотня, цунна тӏе а ца кхиъна, Махкатӏе уллохь сецира. Ӏумма вахана агӏо а ца хаьара цхьанне а.