– Хьан боху, кӏант велла, со цхьалха йисина?
Даймехкан лаьтта тӏехь со эрна йаьхна?
Сан лаьмнаш, сирла хиш, бос сийна хьаннаш,
Ма делха, ма тийжа, кӏант велла алий,
Шун дуьхьа лен воцург нанас ма волда!
Пондарча, мерз була, дӏалакха пондар!
Йижарий, аш тӏаьхьа эшараш ала!
Вайн кӏентий белла бац, лийр а бац цкъа а!
Мостагӏа вохийна, вай маьршадевлла!
Пондарча, мерз булий, дӏалакха пондар!
Йижарий, аш тӏаьхьа эшараш ала!
Толаман де даздеш, вай хелхадийр ду!..
Иза шена дуьххьара хезаш санна, ши бӏаьрг а хьаббина, Къосама леррина ладоьгӏура иллига. Цуьнан дешнаша, хӏинца санна, кӏоргера ойла ца йайтинера Къосаме цкъа а. Илли долийчхьана, диллина дӏа бӏаьргашна хьалха лаьттара шен цомгашчу ненан сурт.
Ден сурт а хӏоьттира хьалха. Нийсса ткъа шо хьалха Гӏачалкха-Дукъахь тӏамехь вийна, цӏа валийра иза. Бугӏанийн ворданахь. КІел черт а йиллина, тӏе тиша истанг а тесна. Оцу йуккъера схьакъедара йакъайеллачу неӏармачаш чу боьллина берзина ши ког. Эттӏачу мІарашца, гӏорладоьлла пӏелгаш а гуш. Бӏаьллашна тӏехь ворда тохайелча, дӏасхьалестош…
Хӏетахь хӏинца Къосаман хенара вара Боьртӏаг. Къосаман санна, жима ши бер а дара: Къосам а, Мети а. Хӏетахь а бацара церан бахам. Къосам хаъал хилчахьана, хӏара къоьлла йу церан доьзалахь.
Хӏунда кхаьчна церан доьзале хӏара декъаза дакъа? Йуьртда ӏаьмарха а, молла Хайрулла а, кхин масех а берстина хьерабевлла. Башха къахьоьгуш а бац. Ткъа бисинарш къоьлла къикъбоьлла беха.
ХІокху берриг бохамна тӏе цӏеххьана хеназа хӏусамнана а кхелхи. Жимахдолу бер хуьлуш. Царна нана хилла сецна Мета. Хӏокху йуьртахь а, гонахарчу йарташкахь а ша йоьхуш дуккха а нах боллушехь, маре а ца йоьду. Вешина зуда йалийча бен гӏур йац, тӏаккха хӏун хир а хаац, олу. Нагахь берашна дика десте хилахь, йаха а мега. Тӏе, цомгаш нана а йитина, гӏойла а дац. Иштта дӏахьийсабо шена тӏехьийзарш.
Доцца аьлча, галдаьлла хӏокхеран доьзалан гӏуллакх. Ненан а, йишин а, вешин а. Массеран а – цхьатерра. Хӏорш вовшех а, нах хӏокхарех а хьаьгар боцуш. Ирс ду-кх хӏокху Нурхьаьжин. Зуда йалоза волчу. Да а, нана а дац. Шел воккха цхьа ваша Оьздамар бен, кхин делха а, дита а дац. Ткъа шаьшшиннан гӏуллакх чекхдаьллийла кхушинна