– Оцу йерриг хенахь соьца зӏе а йацара хьан, Алексей Михайлович. Хӏара тӏом ма бу. Кхузахь а, Анатолехь а, Балканашкахь а. Ас хьеха ма ца оьшу хьуна, тахана Нохчийчоьно мел маьӏне меттиг дӏалоцу. Хӏор а денна, муьлххачу а сохьтехь соьга хаамаш ма боьху коьртачу штабо. Командующина хаа ма деза тӏеман театрехь хӏор а сохьтехь хуьлуш дерг. И хууш ца хилча, цуьнга куьйгалла далур ма дац тӏеман операцеш тӏехь. Ткъа со хӏокху деношкахь бӏаьрзечу стеган хьолехь вара.
Свистунов везза охьахиира. Цо хаза дийцахь а, цуьнан кхохкийна, цӏиййеллачу йуьхьа тӏехь кӏайн тӏедарчий гича, хиира Смекаловна командующи кӏезиг оьгӏазвахана цахилар.
Чувеанчу Афанасьевс йуург кийча хилар хаийтира. Дукха хан йалале стоьла тӏе хӏоттийра бошхепаш чохь котаман чорпий, бос боккхуш йеттина Іахаран шашлыкаш, тайп-тайпана стоьмаш, шийла паста, малар.
Дассаделла чорпин бошхап йуьстах а теттина, шашлык караийцира Свистуновс.
– Селхана цхьацца хийцамаш бина ас Нохчийчохь, – элира цо, схьадаьккхина хӏинца а довха долу жижиг бага а дахийтина. – Арен тӏехь лаьтта отрядаш хьан куьйгалли кӏелхьара дӏайовлу.
Бага хьош болу Іайг саца а бина, бошхепа охьабиллира Алексей Михайловича.
– Декхаршца со ца ларийна бохург ду-кх иза, Александр Павлович?
– Дегабаам стенна оьшу, сан доттагӏ? И дан дезаш хьал хӏоьттина. Кхузара дӏа йерриг отрядашна тӏехь куьйгалла дан хала ду. Геланчаш дӏасабоьлхуш кхо-диъ де долу. Иза дукха хан йу. Шелара, Воздвиженскера, ӏалхан-Юьртара отрядаш а, Йоккхачу Нохчийчоьнна тӏехь куьйгалла а эле Эристовга ло. Ӏаьлара йукъа а лоцуш, Яьссин лахенца йолу йерриг йарташ Батьяновн куьйгаллин кӏел йовлу. Хаси-Юьртара схьа царна тӏехь тергам латто атта хир ду цунна. Къастийна кхин а шиъ отряд кхуллу. Чӏебарлахь – подполковник Лохвицкий, Зазаргӏанехь – подполковник Шахназаров а коьртехь. Цара хьоьца йиллина зӏе латтор йу, амма, и латто хала хиларна, цаьрга массаьрга а инструкцеш йелла, дан дезарг гойтуш. Иштта ду гӏуллакх, Алексей Михайлович. Хьан кхиамна тӏера!
– Вайн кхиамашна тӏера!
Дуткъа ангали зевне дийкира. Шиммо а, схьаэцна, Іаж кхаьллира, цергашца гӏоргӏа тата а доккхуш.