наггахь цӏа дисинера хьадаза. Царна йукъахь дара Овхьадан ден а, и санначу масех стеган а цӏенош.
Овхьадна геннара дуьйна го шайн кертара тезет. Герга мел гӏоьрту, дагах мІараш туьйсу цӏенойн учахь а, кертан арахь а боьлхучу зударийн маьхьарша.
Бешахь некъа йистехьа бӏарашна кӏел хӏоттийна тезет. Цхьа агӏо нах тӏебахка мукъа а йуьтуш, йеакӀов охьадехкинчу дукъош тӏехь хевшина ӏа къоьжа баккхий нах.
Цхьа агӏо дӏалаьцна ирахь лаьтта кегийрхой а. Аьрру агӏор йистехь моггӏара лаьтта Хортӏа а, цуьнан гергарниш а, веллачун ненан вежарий а. Гӏорлачу Хортӏин стомма ворта хаъал белшаш чу йахана. Бӏаьргаш а, хьалха санна, сутара, къиза ца къега. Царна чохь ӏаьржа мархаш го. Бӏаьргийн гонаш а хебна.
Овхьадна хаац дас ша тӏе муха оьцур ву. Цуьнга дІа ца хьожуш, тезета йукъа хӏутту иза. Хьалха Товсолтас, тӏаьхьа массара а доӏанна куьйгаш хьалалоцу.
Къеначеран цӏарах Товсолтас кадам бо Овхьаде. Ткъа хӏара йуьстахваьлча, кегийрхой а тӏебогӏу.
– Дала гечдойла цунна, Овхьад…
– Дала декъалволда иза…
– Вай массо а ву-кх хӏара къахьо Іовша йезаш…
– Дала собар лолда хьуна…
Овхьада халла хезаш жоп ло хӏоранна а. Логе шад хӏуьтту, сихдина бӏаьрнегӏарш детта. Йуха а карлайуьйлу бералла. Ӏеткъа вешин а, шен а некъаш къастар. Иза харц новкъа вахар. Цо шаьшшиннен йукъара вошаллин безам къинхетамза бер.
Овхьада дега бӏаьрг туху. Иза схьахьажац. Иштачохь, адам гулделлачохь, берашца къамеле вийлар стеган ледарло хета нохчашна. Цунна делахьара-м, хӏумма а дацара. Ден даг чохь шега цабезам буйла хаьа Овхьадна. Тахана-м дохковала а везара иза. Тахана-м гечдан а дезара цо кӏантана. Туркойн тӏамехь волу Асхьаб а дийна цӏа вогӏий а хаац. Ткъа Овхьадан гӏуллакх цуьначул а тешам боцуш ду. Ша кӏентех ваьлла виса гергавуйла ца хаьа-те дена? Йа хӏара бахам а, ӏедал а шена хилчахьана, тоьу-те цунна? Амма Овхьад дохко ца ваьлла ша хӏара некъ схьалацарна. Дуьххьалдӏа халахета шен да а, вежарий а халкъана дуьхьалбовлар.
Нах шега кадам бина бовллалц ӏийна, керта воьду Овхьад. Пхи бутт бу цо хӏокху керта ког биллаза, цунна шен нана ганза. Миска нана, йаӏ! Цо дукха дийхира Овхьаде дас а, вашас а бохучул тӏехцавалар. Дукха йилхира. Овхьад