волавелира Къайсар.
Йуьртден канцеляри Шахьбин цӏеношкахь йара. ЦІийнан да Хонкара дӏакхелхина бутт а балале, уьш ӏедалан дола дехира Хортӏас. Хортӏичел тӏаьхьа оцу йуьртахь уггар тоьлла цӏенош дара уьш, тӏе оьрсийн гериг йиллина, тӏечӏогӏуш ангалин кораш, паттарчийн неӏарш йолуш, тховх хьалий, цӏенкъий уй а тоьхна. Делахь а, и цӏенош йуьртана оьцу аьлла, Хортӏас нахера гулдинчу ахчанах уьш санна дерш лаххара а ши цӏенош эцалур дара.
Механа деза ду аларх, ладугӏурий ткъа? И ахча ша шен кисанара Шахьбина дӏаделла, бохура.
Къайсар канцеляре кхаьчча, кертахь лаьтташ масех стаг а, пурхахула волавелла лелаш милцо Чӏонакъа а карийра цунна. Хӏара ЧІонакъа болх беш Зандакъахь вара, амма, йуьрта хьажахӏотта ша цӏа веъча, канцеляре гӏерташ бен ца ӏара. Ӏедало стаг милцочун гӏуллакхе шен тайпанна йукъа ца вохуьйтура. Хуьйцуш хӏиттабора. Нахах даьлларг къайла ца даккхийта, къинхетам ца байта.
Даьссачу цӏа чохь, кӏедачу гӏанта а воттавелла, ша хиъна ӏаш карийра цунна Хортӏа. Канцеляри ша, кечйина йацахь а, цӏена йара. Керла кир хьаькхна, кӏайн пенаш, кӏайн сир хьаькхна неӏ-кор а йара чохь сурт а гуш. Тӏе баьццара исхар тесна, когашна бустамаш даьхна йеха, ӏаьржа стол, цунна гонаха кӏеда шиъ гӏант, пенаца дохалла хӏоттийна аннех дина деха гӏант. Кхечу йарташкахь иштта кечйина йацара канцеляреш. Хӏуманна дозалла дезачу Хортӏас, цхьацца бахьанаш хӏиттош, нахера ахчанаш дохуш, кечйинера иза.
Счеташ тӏехь цхьа хьесап деш воллучу Хортӏас, кехата тӏера пӏелг дӏа а ца боккхуш, Къайсарера салам схьа а эцна, дехачу гӏанта тӏе пӀелг хьажийра:
– Охьахаал.
Кехата тӏера терахьаш тӏекӏелтоьхна ваьлча, мухха делахь а, жамӏашна резахилла, ши куьг хьакхийна, шуьйрра вела а къежна, Къайсаре хьаьжира Хортӏа.
– Дика ду, кӏант, дика ду! Хьо хӏунда кхайкхина, хаьий хьуна?
Арахь хӏиттина лаьттачу нахаца йоцца йинчу тӏекаренца Къайсарна хиънера ша стенна кхайкхина, делахь а дӏа ца хаийтира цо.
– Хаац суна-м, Хортӏа. Ахь схьакхойкху алар бен, Дасис кхин хӏокхунна-оцунна а ма ца элира соьга.
Шен месала ши куьг стоьла тӏе а диллина, алссам хӏаваъ чоьзна, балдаш тӏе а къевлина, йерстина беснеш йусийна, тӏаккха