къоланаш? Нохчаша бен ца воь стаг?
– Шу дац маликаш, тхо ду, – аьшне вистхилира кхин гӏалгӏазкхи. – Оха тхаьш, тухий гӏалгӏазкхи а воьй, вовшашна къола а дой, уьш тоттий нохчашна коча дохуьйту. Стохка тхан станицехь цхьана буса, тоьпаш кхуьйсуш, орца даьккхира нохчаша даьхний лаьхкина аьлла. Шолгӏачу ӏуьйранна хиира цхьана къуьнна чов хиллийла. ЦІийн лорах дахана тхо тхешан станичникан Хромовн керта кхечира. Цӏа чу даханчу тхуна макхвелла ӏуьллуш карийра хӏусамда Афоня. ДІа ле ваьккхича, цо мукӏарло дира, хьалхарчу буса даьхний лаьхкинарш ша а, кхин масех станичник а вара аьлла.
– Цул а беламе ду тхан Сунженски станицехь хилларг, – тӏехилира раз йижийна бора никӏапа йолу зоьртала гӏалгӏазкхи. – Цхьана буса хехой хӏиттош волчу тхан гӏалгӏазкхичо цхьа меттиг хехо воцуш йитинера, цигахула ша къола дан дагахь. Иза цига ха хӏотто вицвелла моьттуш, гӏалгӏазкхаша шаьш стаг хӏоттийнера. Буьйса йуккъе йахча, станицера схьа цигахула даьхний чекхдохуш хааделлачу хехочо топ тоьхна вийра къу. Ӏуьйранна дӏахьаьвсича, цо вийнарг тхан станичник хиллера. Хӏаъа ткъа, хьалхарчу буса хехой хӏиттийнарг!
– Хьекъале ца дина цо и гӏуллакх, – элира цигаьрка хьарчош воллучу кхоалгӏачо. – Тхан цхьана станичнико буьйсанна, шен тишачу лаппагӏах ша цӏе а тесна, орца даьккхира. Цӏе муха йаьлла бохуш, хетта боьлча, нохчий бехке бира цо. Цӏе а тесна, ведда иза шен шина бӏаьргана гира аьлла, дуй биира. Тӏаккха ӏедало хӏун до? Кхин дӏаса хьийзораш а ца йеш, луларчу йуьртера ахча даьккхира. Хӏай-хӏай, даьгначу цӏийнан лаккхара мах а хӏоттийна. Ткъа станичнико керла цӏенош дуьйгӏира, хьалхалерчул дуккха а дика[28].
– Гой хьуна, гӏалгӏазкхи, – девне ваьллачу гӏалгӏазкхичунна тӏевирзира хьалха вистхилла салти, – хьан хьайн вежарша а мукӏарло до шу дерриш маликаш цахиларна. Хӏара нохчий-м басурманаш хиларна ца безара хьуна. Ткъа Россехь цхьацца губернешкахь а гӏевттина муьжгий ӏедална дуьхьал. Муьлш бу уьш хьоьшурш, каторге хьийсориш? Вайн вешан керста бакъдинан оьрсийн салтий а, гӏалгӏазкхӏий а бу-кх. Цкъацкъа салташа дуьхьало йо муьжгий хьаша. Тӏаккха гӏалгӀазкхаша уьш а, вуьш а таррашца цоьсту, говрашца