тӏаьхьалонна битинчу махках. Ткъа муьжгичун а, нохчочун а и аьтто бац. Зударий балийна кӏентий дӏакъастош, шайн доларчу лаьттан коржамах царна дакъош дан деза цара. ТІаккха оцу кӏентийн а кӏентий хилахь? Царна латта мичара дала деза? Дац иза. Цара хӏун дан деза? Шайна бепиг даккха, болх лаха арабовлу уьш. Гӏаланашка, станицашка боьлху.
Хӏетталц чуьраваьлла хьийза Агеев дӏатийра. Схьахетарехь, Астафьевс а, прапорщико а далийначу масалша дош кхачийра цуьнан.
– ХІета, ахь дийцарехь, хӏара нохчий мацаллой, къоьллой бӏарзбина лела-кх?
– Хазахета ца эцна цара герз кара. Цхьа нохчий хилла ца ӏа ӏедална дуьхьалбевлларш. Россехь иттех сов губернешкахь муьжгий а гӏевттина…
ГІовгӏа ца йаккха гӏерташ, куьйгаца гаьннаш дӏаса а тоьттуш, Бугӏина тӏевеара Дада. Корта а лестош, цуьнга бӏаьцаш йина, хьуьна йукъавуьйлира и шиъ.
Смекаловна ма-моьтту тийна ца ӏийра Нохчмехкан къилбаседан йарташ а. Хаси-Юьртан отрядан масех таӏзаран экспедици йан дийзира зандакъойн а, ӏаларойн а йарташка. Йиллина дӏа походехь йара бенойн йарташкахь йитина Аваловн отряд а.
Сентябрь чекхболуш Іуммин гӏуллакх чекхделира Басса тӏехь. Шеца бисинчу кӏеззигчу бӏаьхошца Чӏебарла йухавелира иза.
Оццу деношкахь Шела кхаьчначу инарла-адъютанто Свистуновс шена тӏекхайкхира Смекалов.
Ӏумма, схьа ца лоцуш, карара валийтарна резавоцуш, йуьхьанца масех дош элира командующис. Тӏаккха, Смекалов бехказвала гӏоьртича, жимма ваставелира!
– Хӏумма а дац, Алексей Михайлович. Вайгара ваьлла ваха меттиг бацара цуьнан-м. Ма-дарра аьлча, Басса тӏехь вайн гӏуллакх кхиамца чекхдаьлла лору ас. Баркалла хьуна.
– Иза боккха кхиам бу, хьан локхалла, – Смекаловн догъэца гӏоьртира эла Эристов. – Гӏаттамца дерг чекхдаьлла лара мегар ду хӏинца. Арен тӏерачу йарташа догдиллина кхиамах. ХІокху Боьршига олура соьга: «ӏумма Махкатӏехь волуш, шелахойн догІмаш диллина Шелахь, ткъа синош Махкатӏехь дара».
– Далла бу хастам, и экха аш эккхийна, – йукъа дош кхоьссира Боьршига. – Шен тунгари чу иккхина иза хӏинца схьалаца атта хир ду. Ткъа ӏаьлбаг цунна хьалха кӏеза бен дац. Кхана рузбанехь молланаша доӏа дийр ду вайна толам боьхуш.
Тӏаьххьарч