халкъана, цкъа а бицлур а бац, дуьненахь цхьа нохчо дийна мел ву.
– Хӏета, оцу салташа шаьш доьгІна шайна дагалецаман чурт.
– Хӏаъа, Элса. И чурт нохчийн халкъ ша ду. Дийна чурт.
Чувеанчу Овхьада йукъахдаьккхира цаьршиннан къамел. Овхьадан ваша вийнера Васала а, Мӏаьчига а. Бакъду, цхьанне а ца хаьара Асхьад муьлхачун карах велла. Нохчийн гӏиллакхехь Овхьада чӏир эца йезара Коьрех йа Юсупах. Амма церан йукъаметтигаш, хьалхачул чӏагӏйалар бен, кхин галйовлуш йацара. Мелхо а, хьалха цхьацца гӏуллакхаш тӏехь Овхьада Коьрица къуьйсуш хиллехь, хӏинца иза а ца дора цо. Коьрина кхин дагадарна кхоьрура. Асхьад вийначул тӏаьхьа цхьа хан йаьхьира Коьрас ийзалуш. Кхерар а дацара иза. Дуьххьалдӏа гӏиллакхе ца хетара цуьнца, хьалха санна, хецавелла хила. Коьрин дагахь дерг хуучу Овхьада, цкъа шаьшшиъ цхьа висча, доцца къамел дира цуьнга.
– Коьра, хьан дагара шера хаьа суна. Хьанний, Юсупанний дайша ваша вийна сан. Вайн йукъарчу гӏуллакхан мостагӏ вара сан ваша. Мӏаьчига а, Васала а шайн декхар кхочушдина. Хаалахь, вайн йукъаметтигаш хьалхачул а чӏогӏа а, дика а хила йезийла.
Ша цунах мел тешахь а, Овхьад гучуваьлча, мелла а вухура Коьра. Хӏинца а Елисейца цуьнан къамел хадаран бахьана и дара.
– Гӏагӏатлара геланча кхаьчна Іаьлбаг волчу, – элира Овхьада, маьнги йисте охьа а хууш. – Хьо дӏакхойкху.
– Хьо схьа маца кхаьчна, Овхьад?
– Цхьа ах сахьт хьалха.
– Керла кхин хӏун деана ахь?
– Диканиг дац цхьа а. Ӏуммин гӏуллакх чекхдаьлла. КІеззиг нахаца Дегӏастана дӏавахана иза. Лохвицкий Къоьзан-ӏома тӏе хӏоьттина, вай а, дегӏастанхой а дӏасакъасто. Смекалов коьртачу ницкъаца Бена кӏел вогӏу. Болата хабар даийтина, подполковник Козловский, шеца кхо бӏе салти, гӏалгӏазкхийн, гӏумкийн шиъ сотня а, шиъ йоккха топ а йолуш, Яркхсух сехьа а ваьлла, Зандакъа хьалавогӏу аьлла.
Овхьадан хаамаш боцца тетрада тӏе дӏайазбира Коьрас.
– Гати-Юьртара хабар дуй? – хаьттира цо.
– Керланиг дац. Инарле Свистуновга кехаташ дохьуш вогӏу ши геланча лаьцна Бенахь.
– Мичахь ду уьш?
– ӏаьлбагехь. Вайца дерг сихха чекх а даккхий, Смекаловга Дегӏастана гӏо, боху. Цигара гӏаттам хьошуш гӏо дан.