Хьуна ца хаьа, дозанера ков къевлина, цигахь лаьтташ эскарш дуйла? Баккхий нах бовлалур ма бац царна йуккъехула. Цара векал вина ваийтина-кх со.
ХІокху йалх баттахь хийлазза а гӏоьртинера ӏаьлбаг гӏаттам Дегӏастана баржо. Цигарчу тхьамданашца шен барт ца хуьлийла хиъча, догдиллина, дитира цо и гӏуллакх. Хӏинца цуьнан аьтто бара ша сатийсинарг кхочушдан. Амма Дегӏастанахь хиллачу гӏаттаман ницкъ бацара кхузарниг йухаденбан. Изза хир ду дегӏастанхойчух а. Нагахь нохчийниг эха шаре баьллехь, Дегӏастанарниг батте а бер бац.
– Медана-Хьаьжа, тхан гуттар гӏаддайначу хенахь, ницкъ эшначу хенахь тхуна орцах даьхкина шу. ХІокху йалх баттахь хийла суьйлийн, ӏаьндойн кӏант майра леташ воьжна тхан хьаннашкахь. Ас хьалха ма-аллара, соьца висинарг бӏе стаг бен вац. Кхин тӏе тхан тоба стамлур йу ала меттиг а бац. Тхо бӏе стагах хӏун гӏовла хир йу шуна? Со дӏа а веача, сох тешна йа Нохчийчуьра гӏо хир ду моьттуш, шу дерриг гӏевттича, зен хуьлуш доьрзур ма ду гӏуллакх. Цул, йуха цӏа а дерзий, ӏедална муьтӏахь хилий, совца алахьа шайн тхьамданашка.
– Оцу тӏера дӏадаьлла гӏуллакх, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – корта хьовзийра Медана-Хьаьжас. – Йуханехьа некъ ца бисина тхуна. Тхан тхьамданашна хаьа Нохчийчуьра шайна гӏо хир доцийла. Царна оьшург хьо ву, ӏаьлбаг-Хьаьжа.
– Ас цхьамма а, со санначу бӏеамма а дан хӏума дац, халкъ тӏаьхьа ца хӏоьттича.
– Иза кийча ду хьуна тӏаьхьахӏотта.
– Іаьндара иттех йурт халкъ дац, Медана-Хьаьжа.
– Йерриг Дегӏаста ма гӏеттина.
– Тӏаьхьа ду хӏинца.
– Хӏета, тхан гӏаддайначу хенахь тхо дӏатуьйсу-кх аш?
– Хӏан-хӏа, Медана-Хьаьжа. Со дӏавогӏур ву. Амма, сайгара шуна гӏо хир ду аьлла, вогӏур вац. Шуна а ма мотталаш иза. Тхан гӏаддайначу хенахь тхуна орцах баьхкинчу тхайн а, шун а маршонехьа леташ беллачийн дуьхьа, шуна улло а хӏоьттина, лата а, вала а вогӏур ву со. Амма сайна луъург дан маьрша вац со, Медана-Хаьжа. Аш хӏун олу? – накъосташна тӏевирзира ӏаьлбаг.
– Хьо бакъ лоь, Іаьлбаг-Хьаьжа.
– Ахь хӏун олу, Коьра?
– Кхузара гӏуллакх чекхдаьлла. Вайн йукъарчу гӏуллакхан дуьхьа леташ бу дегӏастанхой. Гӏо дан ницкъ бацахь а, ахь ма-аллара, царна улло а хӏиттина, латар, далар – иза далур ду вайга.