Эшначарна кӏелхьардовла цхьа
некъ буьсу – и некъ бицбар.
Гомер. «Энеида»
Іаьлбаг ӏаьнда вогӏу аьлла, хьалххе хаам кхаьчначу наибан Гирейн аьтто хилира цигарчу йартийн лакхенийн а, подполковникан Лохвицкийн отрядийн а гӏоьнца Нохчмахкара Іаьнда богӏу цхьаболу цхьа некъ дӏа а лаьцна, иттех стагаца цига гӏоьртина ӏаьлбаг йуханехьа эккхо.
Гатте хьовзийна ӏаьлбаг йуха а винчу хьаннашка вирзира. Адам а гӏаттийна, къийсам атталла йуьхьанцарчу тӏегӏанна тӏе боккхийле догдохуьйла а дӏайаьллера. Ӏа дара тӏегӏерташ. Ломан когашка кхаьчнера ло.
Доьхначу некъаша халачу йаьккхинера йарташна йукъара зӏе.
Симсаройн хьаннаш тӏаьххьара туш дара ӏаьлбаган. Цигара дӏа шен нах дӏасахьийсо аьтто балахь, йарташ йуха а гӏовтто, ткъа иза дан ницкъ ца кхачахь, кхузахь Іадаккха ойла йара цуьнан.
Оццу йуккъехь инарла Смекаловга кехат кхечира, Симсара таӏийна ӏаьлбаг тӏаьххьара вохор а, лацар а полковникна Батьяновна тӏе а диллий, хьайн отрядца Дегӏастана гӏо аьлла.
Командующин кехат Козловскийга дешийтира инарлас. Подполковник хаттаре Смекаловга хьаьжира.
– ӏаьлбагца дерг чекхдаккхар хьуний, Михаил Ивановичний тӏехь дуьсу, – элира Смекаловс. – Соьгахь болчу хаамашца, ӏаьлбагца, дукха велахь, кхо бӏе стаг бен вац. Гонахара йарташ къарйелла. Шуьшиъ атта ларор ву цуьнца. Амма, хӏара агӏо хецна а йуьтуш, дІагӏойла дац сан. Ӏаьлбаг, шен тунгари чуьра ара а ваьлла, Яьссин йарташка вер ву. Цундела сихха Батьяновна тӏе кехатца геланча хьажаве, кхана кхузахь, ӏалхан-Кӏотарахь, йа Булгӏат-Ирзехь позици дӏалаца алий.
– Хӏарра кехат Батьяновга а кхаьчна, хьан локхалла.
– Гуттар дика ду-кх тӏаккха. Цо аттачу доккху гӏуллакх.
– Амма Михаил Иванович реза вац хІокху тӏедахкаршна.
– Реза вац бохург хӏун ду? – цецвелира Алексей Михайлович. – Приказ – приказ ма ду.
– Хӏетте а, Батьяновс кехат дахьийтина, ша резавацаран бахьанаш дуьйцуш.
– Масала?
– Тхан полкера шиъ батальон а, цхьа сотня а, хьуна ма-хаъара, Темирхан-Шурахь йу…
– Йисина батальонаш тӏех а тоьур йу Іаьлбаган гІера йохо.
– Хӏокху карахь йолчу хенахь иза кӏезиг ницкъ бу,