оьшу, ала инарле. Мухха делахь а, ӏаьлбагах кхоьруш, ас цунна гӏуллакхаш дина меттигаш йу. Сох бийлинчу бехкашна геч а дахь, сайн дисина даьхний Даьргӏа а дигийтахь, цигахь со инарлас шен тӀома кӏел а лацахь, ас цуьнан эскар ӏаьлбаган туьпа дуьгур ду ала цуьнга.
Смекаловс дош делира Айсолтин дехар кхочушдан. Тӏаккха цо дийцира ӏаьлбаган туьпара хьал. Айсолтас дийцарехь, цуьнца ши бӏе сов стаг ву. Яркхсун лакхенгахь, тӏебоьдуш цхьаъ бен некъ боцчохь, йуькъачу хьаннашкахь сецна иза. Хӏара ӏа цигахь даккха ойла йолуш, дуккха а йалтий, дакъийна жижиггий оьзна цо цига. Ӏаьлбагца ву Солтмурд, суьйлийн Раджаб-ӏела, Тозуркъа, Къосам, Нурхьаьжа, Янгӏулби, кхин тхьамданаш а.
– Уьш дерриг тхуна хууш ду, – хьесапе ца лерира Смекаловс айкхан хаамаш. – Иштта атта хьайн бехках кӏелхьарвер вац хьо.
Амма Айсолта ца вуьйхира.
– Ас дийцинарг хаахь а, амма ӏаьлбаган туьша тӏе боьду некъ-м ца хаьа шуна, – толаме велакъежира иза. – Сан дехар аш кхочушдахь, ас церан букъа тӏехьахула туьпа дуьгур ду шун эскар.
Айсолта араваьлча, цунна тӏехь чӏогӏа тергам латтабе аьлла, приказ а делла, Пруссаковций, Мовсаровций кхеташо йира Смекаловс. Масех шо дара капитан Пруссаков хӏокху участкан пурстоп волу. Цунна дика девзара кхузара адамаш. Ткъа прапорщик Элби а вара тайпана бено.
– Айсолта хӏокху Нохчмахкарчу уггар хьалдолчех ву, хьан локхалла, – элира Пруссаковс. – Цуьнан даккхий бахьанаш ду ӏаьлбаг ца веза. Суна хетарехь, цо харцо йийр йац вайна. Мел дийцича а, шен цӏока йеза йу цунна мятежникел.
– Айсолтех дош далалур ду соьга, хьан локхалла, – тӏетуьйхира Элбис а. – Цхьана ханна тилавелла леллехь а, иза вайн стаг ву.
Смекаловс тӏаьххьара а сацам тӏеийцира, командующин приказ цкъачунна тӏаьхьа а теттина, цкъа Симсара экспедици йан. Делкъал тӏаьхьа, меттиган топографически карта а ӏамийна, хьалха цигахь хиллачу эпсарех дага а ваьлла, суьйранна йоцца кхеташо а гулйина, шен план царна хьалхахӏоттийра цо.
– Дегӏастанахь хӏоьттинчу хьоло кхузара коьрта ницкъаш цига дӏабигарна тӏетоьтту, – элира цо. – Амма, шен гӏеранца ӏаьлбаг букъа тӏехьа а витина, Дегӏастана дӏагӏойла а дац вайн. Ӏаьлбагца дерг кхана чекхдала деза.