– Вон-м хир дацара, Янек! – куьйгаш хьакхийра Елисейс. – Цхьа хазо жеро хилча, дикахо летар вара со. Эхӏ, Янек, схьахетарехь, иштта кӏантстаг волуш лийр ву-кх со.
– Хӏунда ле? Хӏокху йалх баттахь дуккха а жерой бевлла йарташкахь. Хортӏин Асхьадах йисина Буцани йу хьуна ма-йезза. Гиний хьуна иза? Ахь боху-ца боху хьийкъина йу иза! Деакӏов дегӏ, оцу хьан гӏодайукъал стаммий настарш, пхьаьрсаш. Бад йу-кх, йеккъа ша бад!
– Суна реза хир йуй иза?
– Муха ца хуьлу! Суна хазарехь, Асхьадна резайацара иза. Ледара айгӏар болчух тера дара иза, кхин а бухахь валларг. Ткъа Буцанина, хьо санна, цхьа стомма ворта а йолуш, некхан ваз даьлла хьаьрса бугӏа оьшу.
– Керстане маре гӏур йац шун зуда.
– Хӏун башхо йу – керста а, бусалба а! КІезиг дац ишта маренаш а. Тхайниш шуьга а, шуьниш тхоьга а богӏуш. Ишттачу кхолламан кӏеза ма ду хӏара Юсуп а. Хьажал хьо цуьнга. Нохчочун мара, оьрсичун бӏаьргаш, шиннахьара схьаэцна шалго майралла!
– Вайниш жоьра ма бисахьара, Янаркъа, – элира, кӏадвелла забарех самукъа ца долучу Къайсара.
– Сайниг-м йуьсур йац. Мишкица барт бина ас хьалххе. Сайл тӏаьхьа Жовхӏар цунна йерзош. Хӏа-ан, Мишка?
– Суна стенна оьшу хьан йакъайелла къена баба?
– Хӏумма а къена йац. Оза-м йу, бакъдерг аьлча. Ахь, жижиг даош, дика кхабахь, бутт балале йерстар йу, даӏам санна. Тӏаккха, гӏала а вахана, подар-басар деана, кечйича, мел хаза меъ хир ду цунах. ТІе, ши бер а ду анддадаьлла. Йеккъа са йу хьуна, Мишка. Со а паргӏат хир ву эхартахь!
– Забар-м – забар йара, неӏаран гӏайгӏа йу-кх, – элира Къайсара.
– Гӏайгӏа бу иза-м, ца хилчхьана. ТІе, вай хӏун до цуьнан? Тахана йа кхана йалсамане йа жоьжахате гӏур долуш хилча.
Къайсар, гӏеттина, аравелира. ГІовттамхойн кӏотарна йуккъехь йиначу гӏишло кӏелхьара схьахезира малхбузу ламаз доьхкучу ӏаьлбаган дуькъа, кӏеда аз.
Елисей накъосташка хьаьжира.
– Шуьшиъ хӏунда ца воьду ламазе?
– Тхойшиннан делаца дийца къайлах хӏуманаш ду, Элса. Цхьа бӏе стагана йуккъе а хӏоьттина, дийца мегар доцуш. Эхӏ, Элса, со цӏа вахаза дукха хан йаьлла. Сан нускал а ӏа хир ду сагатлуш.
– Воккха мунепикъ ву хьо, Янек. Вешан тоьпаш йоцург, кхин нускал хир дац вайна, – шен