царна гонаха хьийзаш ӏумаргӏар а бара.
– Хӏорш муьлш бу баьхкинарш? – хаьттира цо, цхьанхьа дӏахьаьдда, векхавелла дуьхьалвогӏучу ӏусмане.
– Андрин кӏант Иван а, Яшка а ву!
Хӏетта хьешашна мара а лилхина, уьш чубига хьийзаш бохкура Айза а, Эсет а.
– Охӏ, хӏорш хӏун хьеший бу?! Издарасти, Ванька! – вахана цкъа цхьанна, тӏаккха вукхунна, куьг лоцуш, мараиккхира Къайсар. – Издрасти, Яьшка! Как дела, хорошо дела?
– Маршалла хуьлда, Къайсар!
– Шу мичара девли?
– Хьошалгӏа даьхкина, шу дахказа хьеделча!
– Цӏахь муха ду? Андри муха ву? Наташ йуй могаш?
– Ма сецабел уьш, Къайсар. Чохь дуьйцур аш, – пхьарс лаьцна, Иван цӏа чу озийра Айзас. – Дуьло цӏа чу. Гена некъ бина, кӏадбелла хир.
Цӏена дара диллина дӏа хьешашна ларден цӏа. ХІетта Іовдабеллера ӏуьйранна цӏенкъа хьаькхна боршам а. Поппаран бехачу маьнги тӏе даржийна тесначу къорзачу истанга тӏехь паргӏатбевлира хьеший. Хӏорш дара-дацара ала а кхиале, кхечира ӏусмана орца аьлла вогӏу Васаллий, Болаттий. Йуха а дуьйладелира хеттарш. Васалан уггар а бала кхаьчнера шен доттагІчун Корнейн.
– Иза хьалаваза ма дукха хан йу? Могаш беца уьш?
– Сингаттам бац. Хӏинца иймане веана иза.
– И хӏун ду?
– Хьуна ма хаьа. Къоланаш дитина цо…
– Тхойшиъ къан ма велла, Ваня. Къанвелла, кӏадвелла, къийвелла. Доцца аьлча, велла. Хӏун ду керла шун агӏор?
– Хӏумма а дац.
– Тӏом хуьлу-м, ца боху?
– Гӏуллакхаш дика-м дуй хьовха? Гӏалгӏазкхий дӏакхайкхар лаа ца хета.
Кертан арахь котамийн маьхьарий девлира. Ӏусман, Мохьмад вара, хьешашна йайъа леца гӏерташ, уьш лелхийна лелаш.
– Шу лаа дуй ткъа?
– Шун йуьртана хьер йилла даьхкина.
– Охӏ, хьехош а дара хьуна иза. И барт маца хилла шун?
– Цхьа кӏира хьалха цуьнан кӏант веанера тхо долчу.
– Оцу хьакхина хьер йилла дохку-кх шу?
– Цунна ца йуьллу иза, вайна йуьллу. Аьтто болуш а, боцуш а, аренга гӏумкий болчу хьера оьхучул, атта дац вайна хӏокху Яьсси чу диссича? – элира Къайсара.
– Дукха ӏийр дуй шу?
– Хаац. Хортӏас гӏирс охьабилларх терра хир ду-кх.
– Андрей ца вогӏу?
– Иза а кхочур ву кхана. Тхуна дан дезарг гайта.
Хӏума йууш, Васал леррина хьоьжура хьешашка. Дӏадахана шийтта шо дукха хан йоцуш санна хета. Ткъа хӏара Яшка дуьххьара Гати-Юьрта веача,