– ӏаьлбаг-Хьаьжа, ӏумма-Хьаьжа! Йерриг дегайовхо шух йу шуна! Ӏумма-Хьаьжа, тахана хьан караделла оха тхаьш…
Ткъа къена Іумма, шакарш йетташ тӏехйуьйлу дІаьндаргаш тергал а ца йеш, гӏовттамхойн дог-ойла гӏиттош, волавелла лелара. Буьйсанна итт долуш гуттар а ницкъ ийшира ларми чохь чӏагӏбеллачийн. Ӏумма а, ӏаьлбаг а дукха гӀиртира и шовзткъа стаг оцу чуьра йухаваккха. Амма уьш бала севццера. Цара шайга ла ца дугӏийла хиъча, кхечухьа ков а даьккхина, чугӏертачу салташна дуьхьалхӏоьттира ӏаьлбаг. Ларми чохь берш арабаха кхин ницкъ ца кхаьчна, корех, неӏарех йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша даьхначу ӏуьргашкахулий, тхов тӏехула чуй тӏулгаш а, цӏераш латийна цӏевнаш а кхийса буьйлира салтий. Цхьа сахьт далале дӏатийра ларма. Оцу чуьра нах тӏулгийн кошахь бисира. Амма лармина хьалха а ӏуьллура салтийн бӏе сов дакъа.
Шолгӏачу дийнахь а цуьрриг лагӏ ца белира тӏом. Тӏера бедарш эттӏа, йаьгна, цӏийша а вуьзна хьаьдда лелара ӏаьлбаг, ӏумма, Мохьмад-Хьаьжа, ӏабдул-Межед. ДІа ког мел баьккхинчохь ӏохкура байъинчу нехан, зударийн, берийн декъий. Де делкъенга долуш дерригенах догдиллира Мохьмад-Хьаьжас.
– ТІом сацо беза вай! – ӏуммин лерехь мохь туьйхира цо.
– Сацор бац! – сацамболлуш жоп делира Іуммас.
– Нах реза бац кхидӏа дуьхьало йан. Ницкъ эшна церан…
– Резавоцург мостагІчуьнгахьа вала!
– Берриг дӏагӏур бу тӏаккха…
– Шу дӏагӏо дерриг. Тхо летта дала даьхкина кхуза.
ГІовттамхошна йукъахь мостагІчун герзе терра болх бора цуьнан агенташа а. Цара массеран лерехь зурма лоькхура, дуьхьало йахь, дерриг хӏаллакдийр ду шу, ткъа, дуьхьало а сацийна, тхьамданаш инарлин каралахь, цо къинхетам бийр бу шух бохуш. Тхьамданашка а бохура, шу карадагӏахь, Муртаз-ӏелех, Джафар-ханах, Маьхьта-беках санна, къинхетам бийр бу. Оцу агентийн къа эрна ца дайра.
Делккъехь гӏовттамхоша Меликовна тӏе векалш бахийтира, шаьш къарделла совцу, тхьамданаш цуьнан кара дӏа а ло шаьш аьлла. Церан сацам тӏаьхьа хиира ӏаьлбагна. Малх бузучу хенахь ӏумма лаха араваьллачу цунна иза карийра воккхахчу кӏентан Шемалан докъа тӏе а хӏоьттина лаьтташ.
– Хӏара маца хилла? – хаьттира цо, ӏуммин йуьхьадуьхьал а ца хьожуш.