Мохьмад-Хьаьжа, ӏабдул-Межед, Ника-Къеда, Зубайр-бек, ӏабдулла, ГІеза-Ахьмад, кхин масех а.
Баккъал аьлча, цуьнан воккхахволчу шина вашас йуьхьанца дуьйна а башха къобал а ца бора Іаьлбага йуьхьарлаьцна некъ. Гӏаттаман коьртехь, шайн ваша а воцуш, кхин стаг хиллехь, уьш дукхе-дукха гена хир бара оцу гӏуллакхна. Оцу бархӏе баттахь вешина гӏо деш гӏаттамехь дакъалаьцнехь а, церан дог-ойла гена йара могӏарчу бӏаьхойн дог-ойланна. Уьш цхьа а Дегӏастана а ца вахара цуьнца. Уьш бахка-м гӏоьртира. Амма церан ойланаш даггара йоцийла хуучу ӏаьлбага ца бахкийтира. Бакъду, жимахволу ши ваша – Султӏий, Зеламхий – вара ӏаьлбаган кхоллам бекъа даим кийчча. Амма и шиъ а кхоийра Іаьлбага.