а хьешашка маршалла хатта дуьхьалбахара.
Кегийрхошка а ца кхочуьйтуш, говрара охьаиккхинчу майоро Девлат-Мирзас, хьаьдда тӏе а вахана, луьйта а лаьцна, чувоссийра эла Эристов.
– Ларлуш хилалахь, Николай Богданович, – Эристовгахьа вирзира Орца. – Хатт бу кхузахь. Хӏара маьждиган хьалхе-м цӏанйинехь а мегар дара, Боьршиг.
– Валлахӏ, ца баьхна-м дац хӏара, Орца. Бехк баьлла-кх тхоьгара.
Хьешашна кӏелхӏитта мукъайаьккхира неӏарна тӏехуларчу лабанан кӏело.
– ДІадоладе вай, хьан локхалла? – элира Эристовс, Орце дӏа а хьожуш.
Девлат-Мирзас а, Боьршига а, цхьацца агӏор а вирзина, маьхьарий туьйхира.
– Ладогӏал, нах!
– Эла Аьрсто ву вистхила лууш!
Вуьшта а лохха къамелаш деш лаьтта нах дӏатийра. Хьаьжайукъ а хабийна, нехан тобанна тӏехула бӏаьрг туьйхира Эристовс. Цуьнан багах дош ма-деллинехь, хиира Берсина хьеший гӏеххьачул «бохбелла» арабевллий.
– Ас доцца дуьйцур ду шуьга, нах, – тийсалуш вистхилира Эристов. – Арахьарий, чоьхьарий мостагӏий отуш бу вай. Ӏовдалчу ламанхошна моьттура, Турцел нуьцкъала пачхьалкх дуьнен чохь а йац, англичанаша гӏо а деш, цо Росси отур йу. Туркой, англичанаш, французаш, кхин, кхин а хӏун йу? Россис хӏупъаьлча, лаьтта тӏера тӏепаза йовр йара уьш. Хӏинца туркой лоьхкуш бу. Массо маьӏӏехь. Гена дац, гора а эгна, цара къинхетам боьху болу де. Вайн толамехь дакъа ду нохчийн бакъ кӏентийн: цуьнан локхаллин инарлин Чермоевн, эпсарийн: Шамурзаевн, Мамаевн, Шериповн, Лаудаевн, бӏеннаш могӏарарчу бӏаьхойн. Царна йукъахь бу шун шелахой а. Хастам хуьлда вайн турпалхошна!
– Ура! – мохь туьйхира уллохь лаьттачу майоро Мустафиновс.
– Уьрей! – дӏаийцира Боьршига.
– Уьрей! Уьрей! – йукъ-йукъахь маьхьарий девлира хьалхарчу могӏаршкахь лаьттачу молланийн, хьаьжойн, совдегарийн. Ткъа къехойн тоба, баганаш дӏатегча санна, тийна лаьттара.
– Чекхдаьлла чоьхьарчу бунтаца дерг а. Туркошна гӏоьнна гӏевттина абхазаш тоххара дӏатебина. Кхузахь, нохчийн лаьмнашкахь, даьлла ун даьржина Дегӏастана а, Бакохула дӏа а. Иза а орамашца бухдаьккхина. ТӏилитІлахь а, СогӏратІлахь а дӏалецна шиний областан мятежникийн баьччанаш. Царна йукъахь ву коьртачех шолгӏа мятежник