агӏор а вирзина, вехха лаьттира йукъахваьлла.
– Аьхна, хьан дакъа! – цуьнан букъах дайн куьг туьйхира тӏехьа лаьттачу Боьршига.
Орца схьавирзича, цӏийбелла, хиш тийсина бара цуьнан ши бӏаьрг.
– Доцца аьлча, нах…, – Орцин аз, йиш хаьлча санна, дегадора. – Доцца аьлча, нах, зуламхой лецна ӏедалан кара дӏабала беза. Вайн йарташ йерриг вовшашна йукъахь гергарлонаш долуш йу. Цхьанхьа даьллачу зуламан лазар массанхьа а даьржа. Хаалаш, кхузахь эло Эристовс цӏерш йаьхна зуламхойн тхьамданаш а, зуламхойн ардангахь мелла а дакъалаьцна нах а аш схьа ца лахь, дийнна йарташ йохор йу шуна, нах цкъа а йухабогӏу боцчу дӏа а бохуьйтур бу шуна. Амма, ша бохург дахь, ӏедало къинхетам бийр бу зударех, берех, къеначех. Ца до-кх, берриг махках бохур бу. Цхьа са буха ца дуьтуш. Далур дуй вайга ӏедало бохург?
Тобанна хьалхара нах меттахъхьайра. Ша-ша чӏогӏа ала а гӏерташ.
– Иншааллахӏ, дала мукъалахь!
– Делан а, Элчанан а пурбанца!
– Делера ма ду ӏедал…
Баьццарчу исхаран йеха оба а йуьйхина, коьртахь куйнна гонаха хьарчийна, ло санна, кӏайн чалба а йолуш, лекха, вуткъа, озо-йеха йуьхь йолу къона къеда Юсуп хьалхавелира. Къуръан тӏера айаташ, жайнаш тӏера цхьацца меттигаш а йалош, нахана боцца хьехам а бина, дехий пӀелгаш долу кӏайн ши куьг хьала а лаьцна, ӏаьрбийн маттахь дехха доӏа дира цо. Цуьнца цхьаьна куьйгаш хьала а лаьцна, тӏаьхьара «амин» баха хӏиттира майданара нах.
Къамелаш чекх а девлла, адам дӏасадаха даьржича, молланаш, хьаьжой, совдегарш тӏаьхьа а совцийна, цаьрга масех дош элира Эристовс.
– Областан начальникан йерриг дегайовхо шуна тӏехь йу, тхьамданаш. Шун муьтӏахьаллех а, жигараллех а дозу ӏедална хьалха шун сий а, шун бахамийн гӏуллакхаш а. Лоруш болчу молланашна, хьаьжошна тӏедуьллу маьждигашкахь, мовладашкахь, сагӏа доккхучохь, тезетахь – адам гулделлачу массо меттехь – ӏаьлбаг-Хьаьжа а, цуьнан гӏоьнчий а, бунтехь дакъалаьцна нах, церан доьзалш, гергарниш а сийсазбар. Уьш, ӏедалан-м хьовха, Делан а, динан а мостагӏий хилар чӏагӏдар, уьш бахьана долуш Нохчийчохь а, Дегӏастанахь а нахана хилла зуламаш кхайкхор, и зуламхой лецна ӏедалан карабеллачу нахана ӏедалера йал а, баркалла а хир