Султӏи воцург. Берхӏитта шо бен хан йоцу иза а вац кхераме. Хӏинца цкъа берзан кӏеза бен дац, воккхахилча цо хӏуъу дахь а.
Амма коьрта разбойник Іаьлбаг маршонехь ву хӏинца а. Оццул айкхаш тӏаьхьабахарх, волу меттиг хаалац. Йоӏбӏаьрг санна, чӏогӏа ларво иза наха. Кхин иза лаца а ца велла, цхьа кӏира хьалха йарташкахь репрессиш йолийна ӏедало. Къена нах, зударий, бераш дӏалоьцуш. Ӏаьлбагца мелла а зӏе йу аьлла шеко йолчийн цӏенош дагош, даьхний дӏа а дохуш. Веданахь, Шуьйтахь, Эрсанахь, Буртӏанайхь, Кешанахь йолу набахтеш тӏанк-аьлла йуьзна тутмакхех.
Амма наха йийцац ӏаьлбаг волу меттиг.
Иза маьрша мел ву, синтем хир бац кху округехь. Хьалхалерчу барамехь гӏаттам хуьлучуьра гӏуллакх дӏадаьллехь а, жимачу гӏеранца, борз санна, ваьлла лелаш, даим дӏа кхерамна кӏел латтор ду цо хӏара лаьмнаш. Хьанна моьттура, бархӏ бутт хьалха Гати-Юьртахь хьуьнарш къуьйсучохь, сирачу динахь и эсала бере цунна хьалха хӏоьттича, дукха хан йалале иза оццул бале вер ву. Кхузарчу ӏедална-м хьовха, йерриг Кавказна а, империна а…
Аваловн ойланаш йукъахйехира цхьамма сихйина неӏарх тоьхначу хӏумано.
– Чувола!
Чоьхьа а ваьлла, неӏарехь вулавелла дӏахӏоьттира гӏоперчу ханан начальник. Цуьнан йуьхьан бос хийцабелча санна хийтира полковникна.
– Пурба лохьа, хьан оьздалла!
– Хӏун хилла, подпоручик?
– Уьйтӏахь лаьтташ цхьа нохчо ву, хьо волчу веана. Ша ӏаьлбаг ву а, боху цо.
Авалов цецвелира.
– Мила Іаьлбаг?
– Хаац. Бунтахойн баьчча ву-те аьлла, дагадеара суна-м.
– Мичара хир вара иза! – велавелира Авалов.
Шен дуккха а болчу лазутчикех ӏаьлбагах лаьцна хаамаш бохьуш веана цхьаъ хир ву-кх аьлла, дагадеара полковникна. Цкъа ойла хилира цуьнан, буьйса йаьлла, кхана вола аьлла, иза дӏахьажо. Амма хьанна хаьа цо беанарш мехала хаамаш буй а…
– Схьачуваийта…
Подпоручикца чувеара, ах йуьхь дӏахьулйеш, коьртах хьарчийна башлакх а, кетарна тӏехула дуьйхина боьмашчу басахь чоа а долуш, йуккъерчу дегӏара стаг. Каралаьцна берданка а, коча тесна тур а, йукъахйихкина ӏаьржа совра диллина ботт а, кӏайчу маьӏан мукъ болуш шаьлта а йара. Дегӏ а, ши бӏаьрг а ӏаьлбагчух тера хийтира Аваловна, амма йуьхь башлакхо хьулйинера. Йа