Александран Шолгӏачун суьртана тӏехь севцира. Ахчанна тӏехь шена хийлазза гина и сурт бӏаьрг ма-кхийтти девзира цунна. Иза а, цуьнан дай а, церан цӏийнан нах а – уьш бу-кх маситта шарахь сила йоккхачу кху Россера халкъаш ӏазапехь даллориш, маситта шарахь кху лаьмнашкахь мискачу ламанхойн а, оьрсийн муьжгийн а цӏий ӏенадайтинарш…
Сурта тӏера ши бӏаьрг шега толамечу цавашарца хьоьжуш санна хетаделла ӏаьлбаг цхьана йукъана дохковелира ша кху хӏусаме варна.
Авалов сихха чувеара шеца Пруссаков а, кхин ши эпсар а валош. Аваловна а, Пруссаковна а гӏеххьачул нохчийн мотт хаьара. Оьрсийн маттахь дуьйцучух мелла а ӏаьлбаг а кхетара. Цундела кхузахь царна талмаж ца оьшура. Эпсарш охьахевшича, хьалагӏеттира ӏаьлбаг.
– Бехк ма биллалаш, ас шаьш кху цӏемзачу буса хан йоцчу хенахь меттахдахарна, – элира цо. – Полковник Авалов, со бахьанехь ӏедало бахархой хьийзабо. Бехке боцу къена нах а, зударий а, бераш а. Цара со ӏедалан кара схьалахь, уьш маьрша бита делла дош а ду ӏедалан. И бехке доцу адамаш ӏедале ца хьийзадайта, сайн лаамехь тховса шуна тӏевеана, сайн герз шуна хьалха охьадуьллу ас. Сан дехар ду эпсаршка кху гӏуллакхан тешаш хилар. – Тӏаккха, сонера схьаэцна, шен топ Аваловга дӏа а кховдийна, йукъахйихкинчуьра схьайаьстина тапчий, шаьлтий, туррий стоьла тӏе охьайехкира цо.
Чохь цхьана ханна тийналла хӏоьттира.
– Мекара туземец хиллийца хӏара, – велавелира эпсарех цхьаъ. – Шен лаамехь тӏевеача, шех къинхетамбаре догдохуш хир ву-кх иза!
Ӏаьлбаг, корта курра агӏор а баьккхина, дӏахьаьжира эпсаре.
– Хьо гӏалатваьлла, эпсар. Хӏинццалц схьа цкъа а тхох ваьлла вац, ӏожаллина дуьхьалхӏоьттича, мостагӏашка къинхетам боьхуш стаг. Ас сайна хӏумма а ца доьху. Амма аш кхайкхийна, со ӏедалан каравеача, шаьш халкъах къинхетам бийр бу аьлла. Шаьш къонахий делахь, и шайн дош кхочушде. Сайн кхоллам суна хьалххе дуьйна гуш бу.
Эпсарш Аваловга ладоьгӏна севцира.
– ӏедалан цӏарах оха дош ло хьуна, хьо бахьанехь цхьа а бехке воцу стаг ца хьийзо, – элира Аваловс. ТІаккха Пруссаковна тӏевирзира иза. – Павел Никифорович, йийсархо хьан кара ло ас. Керла приказ хиллалц, ахь жоп ло цуьнан коьртах.