Цхьаъ лоьхуш санна, адамийн кортош тӏехула кхерстачу цуьнан догдикачу, майрачу бӏаьргашна чохь, цхьана агӏор лаьтта инарлаш, эпсарш гича, цӏеххьана ткъес къегира. Буржалш декош, ши куьг хьала а даьхьна, хьажо-пӏелгаца шен мекхаш а тодина, тӏаьхьабогӏучу накъосташкахьа вирзира иза.
Важа бисина тутмакхаш гӏаш бара. Буржалш хьала а айъина, хотталхула кеггийра гӏулчаш а йохуш, богӏура уьш. Массарна тӏехь ӏаржйелла дабагӏа данза кхакханан кетарш, лохий куйнаш, когахь неӏармачаш а йара. Пхиъ – маж-мекх сирделла баккхий нах, важа йалхитта – ткъе итт шаре бовлаза къонаниш.
Царалахь цхьаъ вевзара дуккхана а. Иза вара хьалха эпсар хилла ӏуммин кӏант Дада. Шуьйра белшаш, йуткъа гӏодайукъ, аьрзунан хьажар. Эттӏачу чоин белшаш тӏехь прапорщикан тиша погонаш йара разйевлла. Схьахетарехь, цхьаннан омрица, беламна йехкинера уьш цуьнан белшаш тӏе.
Тутмакхаш шишша цхьаьна а хӏиттина богӏура, вовшашка лохха къамелаш а деш, наггахь бела а ийзош. Адамийн гонна йуккъехь паргӏат йитинчу йеакӏовчу майданахь шаьш совцийча, хьалха вогӏучу зоьрталчу къоначу стага, аьрру куьг лере а лаьцна, илли долийра. Накъосташа тӏаьхьара элира, ткъа илли олучунна уллохь лаьттачу векъаначу лохачу къоначу стага и айдира:
И тангӏалкхаш хӏунда йоьгӏна, далалов?
Вай ирхъохка йоьгӏна йу уьш, далалов!
И жӏай-гӏанташ хӏунда лаьтта, далалов!
Вай тӏедаха хӏиттийна уьш, далалов!
Шога машшаш хӏунда кхозу, далалов?
Вай ирхъохка дихкина уьш, далалов!
Моьттур дара, и илли хьалххе кхоьллина, кечамбина, уьш кхуза баьхкина. Хӏан-хӏа, иза оцу минотехь кхоллайелла импровизаци йара. Дорцаца ийъалуш, дуькъа дохк хедош, генна аренга даьржира илланчин дуькъа аз.
…И меташканаш хӏунда гулло, далалов?
Йижарийн метта белха гулло, далалов!
И миска муьжгий стенна лаьтта, далалов?
Вежарийн метта тезет хӏотто, далалов!
И къорза эпсарш хӏунда гулло, далалов?
Вайна кӏелхьара гӏанташ даха, далалов…
Цхьаммо а гочдан ца оьшура иллин дешнаш. Цуьнан гӏийлачу мукъамо ша кхетавора нохчийн мотт цахуург а. Хӏор а дош, даш санна дазлой, кийра дужура ладоьгӏучийн. Тобанна йуккъерчу зударийн лохха белхар иккхира. Муьжгаша а ца лечкъадора шайн бӏаьргех комаьршша охьаӏена дуьра хиш.