Дадин йуьхь йекхайелира. Иза баркаллица хьоьжура, шех даггара къахеташ, наной, йижарий санна, боьлхуш, маьхьарий хьоькхучу кхечу къомах болчу оцу зударшка. Куьг хьала а лаьцна, ладогӏар дийхира Дадас.
– Хьомсара дамаш, господаш! – мохь туьйхира цо халла хаалуш дегочу озаца. – Хьомсара дамаш, господаш! Баркалла шуна, сох къахетарна, бехкевина, ирхъуллучу тхо кхойтта стагах доглазарна. Оха синош дӏалуш, тхуна улло ховша, тхан бӏаьрнегӏарш тӏекъовла кхуза схьабахка бакъо йоцуш, йа аьтто боцуш, цӏахь тийжаш, боьлхуш ӏачу тхан нанойн, йижарийн метта кадаме дӏахӏиттинчу шуна баркалла, догдика зударий! Оха синош дӏаделча, хӏокху тангӏалкхаш тӏера тхо охьа а даьхна, динчу йарташка а дигна, дайн кешнашка тхо лаьттах дохка кхуза бахка бакъо йоцуш йа таро йоцуш бисинчу тхан дайн, вежарийн метта тезета хӏиттинчу шуна а баркалла, муьжгий…
Дадас цӏеначу оьрсийн маттахь доггах дечу къамеле ладоьгӏучу адамашна йукъахь белхарш лилхира. Комаьршша бӏаьрхиш ӏенара муьжгийн беснеш тӏехула а. Лечкъийна хӏун до цуьнан – соьга а ца совцаделира сайн бӏаьрхиш.
– Сан къамел дахлуш лаьтта, шун локхаллаш, – инарлашна Смекаловний, Виберганий тӏевирзира Дада. – Шун пурбанца, сайн дахаран тӏаьххьарчу минотехь кхин масех дош ала лаьа суна. Кӏез-кӏезиг мийлича, дӏовш дегӏах дулу, иза дахарна кхераме хилац, олу. Къона велахь а, йаккхий чевнаш йу сан дагах, цара вахчийна, кечвина со таханлерчу денна. Сол тӏаьхьа кху гӏанта тӏе ваьлча, шуна гур ву дезткъа шаре гӏоьртина сан къена да. Шен дейтта шо кхаьчча, кхин ша санна эзарнаш кхиазхошца, герз карахь халкъийн маршонехьа къийсаме дӏахӏоьттира иза. Хьалха хиллачу нохчийн гӏаттамийн тхьамданех цхьаъ а вара иза. Кхул хьалха хилла гӏаттам хьаьшча, иза ссылке вахийтира, тӏаккха, нехан хӏусамашкахь буьйсанаш йохуш, лечкъаш лела дийзира тхан доьзалан. Со, амалтана а вигна, Петербурге эпсарна деша хьажийра. Цигара цӏа вирзича, эскарехь гӏуллакхдеш вара со. Доггах а, тешаме а. Амма, хӏинца хӏара гӏаттам болабелча, йуха а цуьнан коьртачех цхьаъ хилла дӏахІоьттира сан да. Областан начальнико господина Свистуновс суна приказ делира, хьайн да дийна йа вийна, шена тӏевалаве аьлла…