Шина оьрсичун къамелах хӏара ду аьлла пайдениг ца хезира Васална. Йерриг а дегайовхо хьалха гучу Хаси-Юьртан гӏопехь йара. Васална хаьара, цигахь 80-чу гӏебартойн гӏашлойн полкан штаб-квартира йуйла. Амма полкан ницкъаш гондӏарчу гӏаьпнашка – Гезал-Эвлий, Кешаней, Буртӏунай – дӏасабекънера. Нагахь Хаси-Юьртахь а, Кешанахь а лаьттачу салтийн а, йаккхийчу тоьпийн а барам, герггарчу хьесапехь мукъна а, цунна хаахь, цо шен декхар кхочушдора.
– Халахета вайшиъ цхьаьна кӏезиг хилар. Муьлхачу газетана гӏуллакх деш ву хьо? – хаьттира капитано, шаьш гӏопе кхочуш.
– Со тӏелоццучунна.
– Хӏета, цхьанна тӏехь хьан цӏе гаре догдохийла йу сан-м?
– Хьанна хаьа, кхолламо хӏун кечдина…