Болатан гергара нах бац Гати-Юьртахь. Амма иза ша дика кӏант хиларна, дукхавезара массарна а.
Зуда йалийначу шолгӏачу ӏуьйранна сатоссучу хенахь Болат Шела хьажийнера Къайсара. Ӏаьлбага тӏедиллина декхар дара кхочушдан дезаш. Эрсанахь, Чахкарахь, Устаргӏардойн-Эвлахь болу тӏеман ницкъаш таллий, сихха цӏа верза аьлла, вахийтина иза цӏа ца вогӏуш кхо де а даьллера. Ӏуьйранна регӏа ваьлла, ирзо шордеш, жимма болх бина, делкъан ламазна цӏа веара Къайсар. БІаьргашна тӏеоьзна йовлакх тиллина, кертан арахь цхьацца гӏуллакахаш деш хьийзара Деши. ХІокху кхаа дийнахь виллина дӏа нускал долчохь хуьлу Мохьмад а вара цунна гӏо деш. Къайсар гучуваьлча, дуьхьалйеанчу Дешис цуьнан карара диг дӏаийцира.
– Муха ду гӏуллакхаш? Сагатлой? – хаьттира Къайсара.
– Ца гатло… Хьо ма хьалхе веа?
– Доккха гӏуллакх дацара сан-м… Хӏара чохь йуй?
– Йац. Нанагӏаьрга йахана… Меца вуй хьо?
– Борз санна!
Сискал а, шийла йетшура а йиъна, Эсетгӏаьрга вахара Къайсар. Пенийн шира хьахарш охьа а дегийна, керла поппарш хьаьхнера цӏеношна. Тахана тхов тӏе керла цӏенкъа йуьллуш бохкура зударий. Керташкарчу зударел сов кхузахь гӏо деш бара Янаркъин зуда а, кхин масех а.
– Ирс долуш хуьлда вайн! – элира цо, тӏе а вахана.
– Дела реза хуьлда…
– Шу ма хаза дохку!
– Муха ца дохку? Сила волчу дикачу кӏантана сила йолу хаза йоӏ йалийча!..
– Хӏорш-м хала доцуш гӏуллакхаш дара, Къайсар, – элира Айзас. – Эцца тӏехьа шортта хьаьрса поппар бу. Бердакӏел – шортта кир а. Яьсси чохь можа гӏум а йу. Керт йу-кх вайн йоьхна. Вай ӏалагӏожа вовшахтоьхча, бераша харцор йу-кх иза.
– Цул атта гӏуллакх данне а дац. Хьуьнхахь шортта серий, хьокхий ду, мукъа лаьтташ вайн божарий а бу. Лама керла керт хир йу кхузахь. Чухула хӏун дина аш?
– Чохь дерг дина девлла тхо. Хьожий хьо?
Къайсар а эцна, цӏа чу йахара Айза. Пенаш а, тхов а къагийнера керла кир а тоьхна. Пенийн лахенца, нийса сиз доккхуш, можа гӏум хьаькхнера. Терхеш тӏе хӏиттийна кхийран пхьегӏаш, неӏарехь цӏенкъа хӏоттийна цӏестан кӏудал йара. Маьнги тӏе тесна а, баьрччехь пенах тоьхна а цӏена къорза ши истанг дара.
– Истангаш Эсетий, Ковсарий делла. КІудал Маккас йеана. Хӏара мотт-гӏайба ас тарйина, – совгӏаташ дагардира Айзас.