Кертан ара кхема а хӏоттийна, неӏ хьуьйш воллура уьш кхоъ.
– Ирс долуш хуьлда шун!
– Дела реза хуьлда! Марша вогӏийла хьо, Къайсар!
– Схьалол соьга, жимма хьацар даккха ас.
Йуьхьана векъана велахь а, пхьаьрсашкахь ницкъ болчу Къайсара кхемин гӏаж таӏийча, неӏ кӏел лаьцна, кхемин бух тӏе хиъна ӏен Янаркъа, кхоссавелла дӏахаьрцира.
– Ой, хьо ма вала дакъаза, меллаша лелахьа! – велар а оьккхуш, мохь белира цуьнан.
– Кхин а цхьаъ тӏехаа!
Вахана, Янаркъина тӏехьа кхемин бух тӏе хӏоьттира Лорса.
– Чӏогӏа ӏелаш!
– Гӏаж ма кагйелахь, Къайсар!
Кӏаддаллалц неӏ хьийна, шаьш паргӏатдевлча, шегара бала балхийра Къайсара. КІелхьардовла некъ карийра Янаркъина.
– Суна хаьа вай дан дезарг, – элира цо ши бӏаьрг серла а баьккхина. – И бежана эца магац?
– Мегара, дера, ахча делхьара-м.
– Ахча долуш ду.
– Мичахь?
– Яьсси чохь.
Даим санна, Янаркъас забар йо моьттуш, бийлабелира доттагӏий.
– Делхьа, Янаркъа, ма хьан забарш ца оьшура суна, – элира Къайсара, корта а ластийна.
– Ас-м забар ца йо. Селхана Асхьад вара-кх шайна хьер йуьллучохь болх бан нах лоьхуш.
– Хӏун ло цо? – ойла а йина, хаьттира Къайсара.
– Хьанна хаьа, – бат саттийра Янаркъас. – Цаьргахьа сан боцчу безамна, дуьхе кхиа а ца гӏоьртира со-м
– Кхин накъостий хир барий-те?
– Васал, Юсуп, Мӏаьчиг а хир ву.
– Къанвелла лаьттачу Васалий, МІаьчагий дан хӏума-м дацара цигахь.
– Дика ду, – хьалагӏеттира Къайсар. – Меха тӏехь тахь, цхьана дийнахь белхий а бер вай. Ткъех стаг атта гуллур ву. Дуьло Хортӏагӏаьрга.
Хортӏагӏеран цӏахь цуьнан кхоалгӏа кӏант Овхьад карийра царна. Асхьад чохь вацара.
Лекхо-дуткъачу дегӏара, хӏинцале а тӏера тила доьлла лекха хьаж, ойлане хьажар долу Овхьад тӏекареваьлла хьаьвзира. Дехарх, хӏорш чу ца баьхкича, гӏуллакх хаьттира цо.
– Хортӏица гӏуллакх хилла ма даьхкинера тхо-м.
– ЦІахь вац-кх иза. Ведана ваханий-те, моьтту суна.
– Асхьад?
– И хьер йечу вахана хила там бу. Ас дан мегаш дац шун гӏуллакх?
– Хьоьца дийца а тарло иза-м.
– Шуна хьер йуьллуш болх бан нах беза бохуш, хезнера тхуна. Мах муха бу-те шун?
Овхьадан йуьхь цӏийелира. Шен хенара кегий нах шайн керта мехах болх беха баьхкича, эхь хеттера цунна.
– Делхьа, Къайсар, аш бехк ма биллалаш, и гӏуллакхаш