дагара цунна хаар, шен халкъо лов къиза бала гар ма ду хӏара кху новкъа ваьккхинарг а.
Ламанхошкахьа церан боцу безам, шаьш лакхара хетар, ткъа хӏокхуьнан халкъ акха ларар. Халкъ-м хьовха, царна йукъара шаьш къастийна шайна муьтӏахь болу, шайна бецаш болу кӏеззиг нах а адамаш ца хета царна. Караӏамийнчу акхарошка санна хьуьйсу уьш цаьрга. Шайна оьшуш ца хилча, аьттехьа а буьтур боцуш. Жимма а шайна хамталла йича, бетах хӏума а тухур йолуш. Ирсе, дера, бу хӏара Къайсаргӏар. Хӏокхарна шайгара гӏело бен ца го. Ткъа Овхьад мелла а кхетта ӏедалхойн ӏалашонах. Ӏедалан и шалхонаш йу церан лагерера хӏара схьаваьккхинарг. Дас Буритӏе ца хьажийнехьара, Овхьад а ӏийр вара цӏахь. Шен ден бахамах дозалла а деш. Ӏедалхоша дуьйцург даггара ду а моьттуш. Церан шалхонаш а ца гуш. Амма Буритӏехь йаьккхинчу хено бӏаьргаш билли-кх. Цигара шен мукъа хан цо йерриг а кху тӏаьхьарчу шовзткъе итт шарахь арадийлина газеташ, журналаш кегош, царна тӏера нохчех лаьцна йаздинарш доьшуш йаьккхинера. Галваьлла а, царах диканиг ца аьллера паччахьан хьадалчех цхьаммо а.
Овхьадна хезаш а лоьра нохчашна. Овхьаде бехкцабиллар а доьхий. Шаьш дуьйцурш-м шу даций. Шу-м шайн къоман заза ма дуй, олий. Овхьада, хала садетташ, ладоьгӏура ишттачу къамелашка. Ткъа, цара дуьйцург къобал а деш, царна хьесталуш, меттанаш даьхна, тӏаьхьарчу когаш тӏе хӏиттина шен накъостий гича, ӏетто дог догӏура.
Овхьадера бала хала ма бу кху Къайсаргӏеран къоьллел. Хӏорш-м, шайна йаа сискал хилчахьана, ӏедалца машар а бина, совца а магара. Ткъа Овхьадан дагна хилла ӏаткъам дӏашарбан ницкъ бац цхьана а хьолан.
Регӏан дукъа тӏе хьалабевлча, кхаа беречун некъ лецира топ хьалха а лаьцна дуьхьалваьллачу жимачу стага.
– Совца! Муьлш ду шу?
Беттасин серлонехь Къайсарна вевзира Чеччалхера Нурхьаьжа.
– ХІорш-м тхо дара, Нурхьаьжа.
– Къайсар, хьо ву хӏара? Чекхдовла.
Йуьйлина тоьпаш карахь некъана шина а агӏор лаьттачу кегийрхошна йуккъехула шаьш чекхдевлча, доккха садаьккхира Овхьада.
ХІинца йуханехьа некъ бацара цунна. Ткъа хьалха дерг а дара шеконехь. Овхьадна массарначул дика гора шен халкъан гӏорасизалла а, цуьнан мостагІчун инзаре боккха ницкъ а.