туьйхира ӏаьлбага. – Гӏоьнчий чӏагӏбаран гӏуллакх чекхдаьлла. Хӏинццалц схьа шен маршонехьа гӏоттучу вайн халкъо ойъура бусалба динан байракх. Вай айъинарг цӏен байракх йу, динан байракх йац, ткъа вайн къоман шира байракх йу. ХІокху байракхо хоуьйту вай гӏазотана гӏевттина цахилар. Вай чӏагӏдан дисина дац бусалба дин. Дала ша дола дийр ду Шен динан. Вайна маршо а, латта а оьшу. Цундела ас дӏакхайкхадо шуьга: вайн бакъонан гӏуллакхах доглозург массо а – бусалба а, керста а – вайн ваша хир ву, вайн гӏуллакхна мухха а дуьхьалваьлларг, новкъарло йийриг вайн мостагӏ хир ву. Иза вайн нанас дена вина велахь а, доьзалхо велахь а. Молла хуьлда иза, хьаьжо хуьлда иза. Уьш къинхетамза хӏаллакбар хьалхара декхар ду вайн. Вайх, вайн гӏуллакхах дог лезна, вайгахьа ваьллачу керстанан сийдар, доладар шолгӏа декхар ду вайн. Ваьшна зуламе воцчу бусалбанна а, керстанна а халахетар цадар – кхозлагӏа декхар ду вайн. Адамаш нуьцкъах вешан байракх кӏел хӏиттор дац вай. Ишттачех гӏортор хир йац вайна. Амма, цкъа вешан байракх кӏел а хӏоьттина, дӏакъаьстинчух бекхам эца а дезар ду. Реза дуй шу?
Адамийн тобанна йукъахь ӏаьлбаган лаам къобалбеш маьхьарий девлира. Масех стага, хӏаваэ хьала а лаьцна, герзаш дассийра.
– Хӏета, дукха гена ца тоттуш, хьаннашкахь гӏа дукъделча, адам маршонехьа гӏаттор вай. ДІасакъастале, цхьаъ ала а лаьара суна. Вай схьалаьцна некъ банне а забаре бац. Уггар хьалха вайна оьшург барт бу. И барт хила новкъарло йен йерг, хилла барт бохон берг ваьшлара дӏадаккха деза. Тахана вай кхузткъе цхьаъ стагана йукъахь бу, кхана вайна тӏаьхьахӏуьтту болчу нахана йукъахь а хир бу масех вирдехь нах. И вирдаш хила деза аьлла дац Къуръан тӏехь. Уьш тӏедехкина дац пайхамаро. Оцу вирдаша къаьсттина зуламаш до вайнахана. Цара херо йуллу нахана йукъа, мостагӏалла дожош меттигаш а хилла. Хийрачу нахана йуккъе-м хьовха, йиша-вешина йуккъе а. Оцу вирдаша халкъ тобанашка доькъу, халкъан барт бохабо. Вайна тӏе халкъан жоьпалла дужу тховса дуьйна дӏа. Халкъан гӏуллакхна гӏевттинчу адамашна йукъахь барт оьшу, мокхаз санна, чӏогӏа. Доцца аьлча, кханачул тӏаьхьа Дала шайна парз дина тӏедиллинчу пхеа ламазал