кхерамечу шераша дахчийнера нохчочун ненан дог. Цунна хаьара, тахана ца валавахь а, кхана йа лама – эххар а, иза шен луьрачу чевнашца, цӏеша а вуьзна, вертанна йуккъе а хьарчийна, цӏа валор вуйла. Цуьнан хӏинцца чо бала боьлла беснеш, беран бос банза балдаш, йа къоьжа корта, хебарша аьхна йуьхь ша цкъа тӏаьххьара а хьостур йуйла.
И де кхана кхочур йа лама кхочур хаац. Амма хӏор а нанна тӏекхача герга дара иза.
Къеначу Хӏангӏазан кийра богуш бара тӏаьххьарчу хенахь. Къаьсттина лерина тергалвора шен кӏант ӏаьлбаг. Йа майрачо а, йа кӏенташа а шега ца дийцахь а, цунна хаьара хӏинццалц схьа дика ӏалашбеллачу шен доьзална тӏе кхерам кхозабеллийла. Ткъа тахана, делкъа ламазаш динчул тӏаьхьа, ӏаьлбаг ша чувеача, кхийтира нана и де тӏекхаьчна хиларх.
Неӏ йиллина, цӏенкъарчу кхакханан миндарна тӏе а хиъна, куьйра луьйсуш ӏачу цунна улло голаш тӏе охьа а лахвелла, цуьнан хебаршка ихначу шина беснина оба элира кӏанта.
Нана цецйелира кху тӏаьххьарчу масех шарахь ца йаьккхина оба кӏанта шена йаккхарх. Тӏехула тӏе, кӏентан даим а, цӏе санна, богучу бӏаьргийн кӏоргехь доза доцуш йоккха гӏайгӏа а гира цунна. Хӏангӏаза, йист ца хуьлуш, бӏаьргашца хаттар дира кӏанте.
– Нана, хьан кӏантӏана тӏе рагӏ кхаьчна хӏинца. Паччахьан ӏедалан къизалло, харцоно, къелло таӏийначу халкъо шена орцах вала боху цуьнга. Нохчийн баьччанаша гӏаттаман коьрте хӏоттийна хьан кӏант. Хьан пурба деза суна, дуьхьало ма йелахь, сан дика нана…
Къеначу Хӏангӏазан кийра цӏеран куьрке бирзира. КІентан багах долучу хӏор а дашо, левсино санна, марсайохура цу чу летта цӏе. Шен ницкъ ма-ббу сецадора цо логе хьалагӏерта йелхаран къурдаш а, бӏаьргаш чу гулло дуьра хиш а. Куьйранан ши тӏам дӏа а хецна, кӏентан ӏаьржа корта тӏеозийна, шен бесни тӏе а таӏийна, дӏатийра иза.
Ӏаьлбаган коьртан чкъор дагийра тӏеоьгучу ненан бӏаьрхин тӏадамаша.
– Хьо йоьлхуш йац, нана? – хаьттира цо, хьала а ца таьӏаш.
Хӏангӏаза кучан йухаца дӏахьаькхира бӏаьрхиш. Йелакъажа, кӏентан дог ойъуш, масех дош ала гӏертара иза, амма кӏайделлачу балдаша, дегош, ийзош, аьлларг ца дора.
– Хьо воха ма вохалахь, ӏала, со хӏинцца меттайогӏур йу… ЦІеххьана хили-кх хӏара… дагахь…