Шина доттагӏчун дов даьлла. Цхьаъ ше́н доттагӏчух лаьцна вон хӏуманаш дийца волавелла шена мел бевзачаьрга. Амма жимма хан йаьлча, метта а веана, ша́ нийса цахиларх кхетта и. Доттагӏ къинтӏераваккха веана и.
Тӏаккха вукхо аьлла:
– Дика ду. Ас хьу́на гечдо. Амма сан цхьа биллам хир бу.
– Муьлха?
– Гӏайба схьа а еций, батӏа а бай, цу чуьра месаш мохе дӏа́сайахьийта.
Гечдар де́ха веанчо дина шега аьлларг. Гӏайба батӏийна цо. Мохо йуьрт ма-йуйу дӏа́сайаржийна месаш.
Гӏадвахана аьлла цо доттагӏчуьнга:
– Хьан тӏедиллар кхо́чушди ас. Гечдин ахь су́на?
– Гечди, нагахь ахь месаш йуха гӏайби чугулйахь...
Уьш йуха схьагулйан ницкъ кхо́чур боций хууш ма ду. Иштта ду-кх йуьрт ма-йуйу даьржина вон дешнаш тӏегулдан гӏортар а.
Гочдинарг – Петирова Петӏамат