Хастам бу Аллахӏана - ӏаламийн Да волучу, стигланаш а, латта а лардеш волучу, мел кхоьллиначунна тӏехь урхалла карахь долуш волучу, Шарӏо хӏиттийна хӏиттамаш кхочуш бан декхарийлахь болучу нахе элчанаш (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда царна) бахкийтина волучу, уьш нийсачу новкъа бига а, царна динан бакъонийн сацамаш кхето а, гӏоьнна юхатохалур доцу тоьшаллаш а, бӏаьрла билгалонаш а ялош! Аса хастам бо Цунна - Цо мел деллачу беркаташна а, ниӏматашна а! Аса доьху Цуьнга Ша даима беш болу къинхетам а, комаьршо а Цо алсамдаккхар. Аса тоьшалла до вайн эла Мухьаммад Цуьнан лай хилар, Цуьнан элча хилар, Цунна дукха везнарг хилар, иштта Аллахӏан кхолламашлахь уггаре диканиг хилар а. Аса тоьшалла до хан-зама мел лаьтта лаьттар долуш долучу сийлахьчу Къурӏано а, нийсачу новкъа нисвеш а, куьйгалла лоьхучарна серло луш а долучу Суннато а, шена чу кӏеззигчу дешнашкахь дуккха а маьӏнийн хазна йиллина долучу, хаддаза цуьнан сий дина хилар, иштта хӏокху динан сийлалло а. Аллахӏан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна а, Имам Нававий 1 Шовзткъа хьадис иштта биссиначу пайхамарашна а, элчанашна а, церан массеран доьзалашна а, массо кхинболчу дикачу нахана а!