Ладугӏуш йоцу йурт кийрарчу алунца
Саьрмико йагочу йарташка кхечира.
Бехк боцу и йарташ латтаеш ӏазапехь,
ӏаш-бехаш бара тов и буьрса ва саьрмак,
Шен шийтта ва корта лам буьххехь баржийна.
Цу къеначу йарташкахь и майра ва кӏентий
Цхьаберш ша багийна, вуьйш шаберш кхерийна,
Уьш гора хӏиттийна, ша лекха ва баьлла,
ӏаш-бехаш бара тов и ӏаьржа ва саьрмак
Шен лекхачу лам буьххьехь йарташна цу йуккъехь!
Бос ӏаьржа и саьрмак бехачу цу лома,
Йарташка воьссира, ша хьаша ва хилла,
Къона и иччархо, дог майра иччархо!
Йарташкахь баккхийнарш, йарташкахь кегийнарш
Буьйлира сецаван иччархо шаьш ларавеш,
Буьрсачу саьрмикан амалах ийзалуш.
Хьаша-ма вацара къамелех ӏехалуш,
Терсмаймал тур долуш агӏонца оьллина,
«Тӏанк!» — аьлла пхех йуьзина ӏодаца ботт болуш!
Ша девне ма вели саьрмикца иччархо!
Сатосчу седанца болийна буьрса тӏом,
Суьйренга белира, дов гена делира!
Суьйренца болийна тӏом, толам ва боцуш,
ӏуьйренга белира, толамхо ва воцуш!
Геннарчу лаьмнашкахь, йуькъачу хьуьнайисттехь,
Бабин цу кертъйисттехь бабин йоӏ лаьттара,
Бӏаьрхишца сингаттам беснештӏехь хаьддера,
Корзахен ойланийн баланехь лаьттара.
Цу когана чов йирзина бос хаза сийлахьа лу
Улло ша хилира цу бабин йоӏана,
Бӏаьрхиш цуьна хааделла йоӏе и дистхилира:
— Бабин йоӏ ма йелха, бӏаьрхиш а легадеш.
Хьан везар вац хьуна пха сунна кхоьссинарг!
Дог майра иччархо куьг бехке вацара,
Саготтала хьун толлуш лелара жима стаг.
Цуьна куьйгах доьжна дац цу хьуьнхахь цхьа екха!
Бабин йоӏ, хьан везар исс ломал ва дехьахь
Саьрмикца къовсуш ву, гӏо-накъост ва оьшуш!
Хӏинццалца хьоьга а ца олуш ӏийна со,
Дуьххьала дӏа лу хилла, ӏаш дац со, хаалахь,
Сан йиша, хаалахь, Хьуьна Да сан дада ву!
Везачу цу кӏантана орцаха хьо йалахь,
Со хьуна кийча ду гӏо-накъост ва хила!
Бӏаьрганегӏар тохале ас вайшиъ кхачор ду
Исс ломал цу дехьа, саьрмикан ломана тӏе!
Бабин йоӏ сихъели везаргана орцаха,
Тасадалар кхехкачу цу лома дӏакхача!
— Хьаббелахь хьайн хаза и бӏаьргаш! – ва олуш,
Бозбуанчал леладан дуьйлира сийлахьа лу…
Бабин йоӏа биллича шейен хаза и бӏаьргаш,
Йоӏ йара шейен луца исс ломал цу дехьа,
Дог майра иччархо саьрмикца тасалучохь.