кхузара дӏа итт шеран гена некъахь ве́хаш ву. Вайн хьалхарчу цӏа чохь ӏ73долу дашо сурт цуьнан ду. Хьуна иштта чӏогӏа цига ваха лууш хилча, аса вохуьйтур ву хьо цига. Цхьайтта шарна некъана дуург-мерг а, тӏедухург а кечдийр ду вай хьуна, ши дин а бу хьуна. Кечло новкъа вала.
Хьасан сихонца кечвелла, Ахьмаде а хаийтина цо, шаьшшиъ гена новкъа ваха везаш хилар, амма элана хууш ца хилла, Ахьмад бешахь ӏалашвеш хилар а, иза Хьасанца гӏур ву-вац а.
Хьасан а цуьнца, элана ца хууш, Ахьмад а новкъа ваьлла, цхьайтта шарна некъана дуург- мерг а, тӏейухург а шайца йолуш, цхьацца дин а хилла цу шиннан.
Нисса итт шарахь некъ бина цу шимма. Йуург а кхачийна, тӏейухург йоьхна дӏайаьлла, ший а чӏогӏа тишвеллий, гӏелвеллий, чӏогӏа беркъий хилла и шиъ. Ши дин а, дӏакхачале, белла церан. Гӏаш цхьана шахьара кхаьчна и шиъ. Ворхӏазза тӏекӏелйина хаза гӏаланаш гина цу шинна. Цу гӏаланашна хьалхахь долчу тӏай тӏе кхаьчна и шиъ. Шаьшшиъ чӏогӏа беркъаваьлла хиларна, гӏали чу ваха эхь-бехк а хетта, цу тӏай кӏел дӏавирзина и шиъ.
Ворхӏазза тӏекӏелйинчу гӏали чохь лакха тӏерачу цӏийнан корехула арахьаьжначу элана гина, цхьа-ши адам тӏай кӏел доьрзуш. Эло шен йалхо вахийтина, и шиъ мила ву а хьажа, схьа а валаве, аьлла. Ваханчу йалхочо, тӏай йисте а хӏоьттина, аьлла Хьасаней, Ахьмадей:
— Со сан эло ваийтина, шуьшиъ мила ву а хьажа, сихонца шена тӏе а валаве, аьлла.
Цу шимма аьлла:
— Тхойшиъ муха вогӏур ву цига, гой хьуна, чӏогӏа беркъа ву тхойшиъ, стагана гучувала а эхь хета тхойшинна. Иштта алахьа цу эле. Цхьайтта шеран гена некъ а бина оха, ӏаьржачу элан ши кӏант а ву тхойшиъ.
Ваханчу йалхочо, шега цара ма аллара, эле дӏа а аьлла, элана шен доттагӏчуьнан элан ши кӏант вовза а воьвзина, цо царна дика тӏейухург а йахьийтина, и шиъ сихонца чувалаве, аьлла.
Элан йалхочуьнца чу а вахана, элан де дика а дина, дӏахӏоьттина Хьасан, Ахьмад. Элас, маршалла а хаьттина, охьа а хаийна, паргӏатваьккхина и шиъ. Хьасанан хазаллина а, хьекъал долуш хиларна а, массо а цецваьлла хилла.
Эле Хьасана дийцина гӏуллакх ма дарра. Цу эло а аьлла Хьасане, ӏаьржачу эло аьлларг.
Хьасанна а, Ахьмадана а паччахьан хазачу йоьӏан дешех кхелина кечдина сурт а гайтина эло. Цу суьртан хазаллех цецваьлла висина и шиъ.