хьайна луъучу агӏор дӏагӏо, амма хьоьгара цхьажимма а йамартло гучуйалахь, аса, шеко йоццуш, вуьйр ву хьо.
Йоӏ а, стаг а чӏогӏа цецбоьвллера шайна гиначух а, хезначух а.
Меттавеанчу говрашлохкучо аьлла:
— Хьасан, суна бехк а ма билла, суна кхузахь саца лаьа. Соьгара йамартло гучуйаларна кхерам бац хьуна, сох тешна хила мегар лу хьуна. Шу марша гӏойла, — иза а аьлла, говрашлохкург охьавоьссина.
Хьасангӏар хаьхкина дӏабахана.
Хӏорш дӏаоьхуш, цхьа хан-зама йаьлла.
Хьасана шен вешина Ахьмадна йуьгуш йолу паччахьан йоӏ эхь хетта, цӏарула-цӏий а луш, йистхилла:
— Суна бехк ма билла, сайна вуьйцу хезна волу хазалла а, гӏиллакхна а, хьекъална а дуьненахь гӏараваьлла волу Хьасан хьо хила там бара, бохуш, хьоьга хьоьжуш, хьо тергалвеш йара со, хӏунда аьлча, паччахьан йоӏал а хьо хазахеташ, со шекьйаьлла хиларна.
Со йоккхайе ахьа хьайн вешина со йуьгуш а, цунна хьоьга йигийта со кхузахь нисъелла а.
Йоӏа и къамел дечу йукъана, хӏорш Ахьмадний, паччахьан йоӏаний тӏаьхьакхиъна, Ахьмадана ша паччахьан йоӏ йалош хилар а хаийтина Хьасана. Ахьмад а, и йоӏ а вовшашна чӏогӏа реза а хилла, шайн сибатца шаьш вовшашна резахилар а хоуьйтуш, деладелла а, безамца а вовшашка хьаьжна.
Хьасанан нускал а, сай чуьра ара а даьлла, Ахьмадан нускална йуххе охьахиъна. Дашо сай вердан тӏе а баьккхина, Ахьмад хьалха а хиъна, дӏалелхийтина цара говраш.
Шеран некъ эха шарахь бина, ӏаьржачу элан доттагӏ волу эла волчу дӏакхаьчна уьш.
Цецваьллачохь висина эла, ши паччахьан йоӏ а йалош, Хьасан, Ахьмад ша волчу кхачар, гӏан ду-те йа и самах ду-те, бохуш, шен шина бӏаьргах теша а ца тешаш. Амма иза гӏан доцийла хиъна цунна.
Несаршна уггаре хазачех тоьлла совгӏаташ а делла, царна некъана мел оьшург а делла, хаза лара безачу кепара уьш лера а лийрина, новкъа а баьхна, эла йухавирзина. Хьасангӏар дӏабахара.
Итт шеран некъ пхеа шарахь бен ца беш, цӏа кхаьчна уьш.
ӏаьржачу элана моьттуш хилла, ша дукха сатийсина йолу паччахьан йоӏ Хьасана шена йалийна. И моьттуш волчу эло, Ахьмад бахьанехь, Хьасане а, йа Ахьмаде а хӏумма а ца аьлла.
Масах де дӏадаьлла. Элана хиъна, нускал шена ца далийний.
Эла чӏогӏа оьгӏазвахана хилла Хьасанна а, иштта Ахьмадана а. Цо чӏагӏо