Мовла, шена некъ дика бовзаре терра, кӏотар йолучохь хих дехьа ца волуш лаккхара йурт йоллучохь дехьа велира, цундела мелла а сихо кхечира хӏорш оцу лакхарчу йуьрта. ӏуьйре хӏинцца дӏаиккхина хан йара Мовла шен тобанца лакхарчу йуьрта йуккъехь нилуш.
— Со шайн йуьрта а веъна, чу а ца вогӏуш дӏагӏахь дегабаам бийр бу-кх сан хьешо! – шен хӏусамхой кхетийра Мовлас ша дан дагахь волучух.
Хӏийжан къаьсттина реза йара оцу майрачуьна чӏагӏонна, амма вуьйш а бара, шайн хӏусамхо хилла ӏаш волу хьешан ӏер-вахар муха ду хьажа сакӏамделла.
Хаа-м лаьара хӏокхарна а, амма иза стенгахь ӏаш ву хьанна хаара?
Хатта дийзира хьангга хаьттина цхьанге. Ворда а сацийна, дуьххьара дуьхьала кхеттачу цхьана къонахчуьнга хаьттина хиира кхарнна шайн хьешан цӏа стенгахь ду. Жимма регӏахь хьалагӏоьртина эвлайисттехь, гонаха йина керта а йоцуш цхьана гӏишлон улло нисбелира хьеший.
— Хьӏенех! – аьлла мохь туьйхира Мовлас ворданара вуссуш, ша хӏусамдеца эвхььаза хиларе терра. Амма «хьенех-м» вацара гучуволуш цкъа а, шозза а, кхин а мохь тоьхча а. Эимма ӏийна хӏусаман чохь цхьа таьӏӏина аьзнаш хааделира кхайкхина боцучу хьешашна.
— Хьенех! – аьлла тӏаьххьара тоьхначу маьхьаро арайаьккхира цӏевзинчу неӏарах биллгал хӏусамнана хилан мегаш цхьа даш санна йазйеллачу мархех тера цхьа зуда. Йуьхьан мохклла, кхин къаьсташ аматаш дацара цуьнан, мел чӏогӏа цуьнга хьежча а.
— ӏандаркъа ара ца волу? Базар йуьртара хьеший баьхкина ала цуьнга сихха,— велакъажаран бахьана дира Мовлас шен йуьхьна тӏехь.
Амма ӏандаркъин хӏусамнана-м дицделлачух тера дара ша тӏаьххьара йелакъежина хан. Цундела дисинера Мовлин къажар дуьхьала дӏа къажар хилла, дуьхьала жоп доцуш. Цӏенна тӏехьа дихкина кӏайн вир-м дара хьешашна дуьхьала деладелла а ца ӏаш хӏокху дийнна лакхара йуьртана а хозийтуш хьеший тӏеоьцуш. «Ийа-йакъ! Акъи-акъи!» сацан а ца тугура хьешашга маршалаш хоьттуш оьзда кӏайн вир.
Деллахь а, вир долучу баьхкинчух тера дацара и хьеший. Уьш хьем ца беш бирзира, шайн вордана а хевшина. Кхин багара дош ца долуш гӏийла тӏехьа хьоьжуш ӏандаркъин хӏусамнана а йолуш. Цӏенна чохь хьулвелла ӏаш ша хӏусамда а волуш.